2 класс урок№22 Дош а, предложени а

22-г1а урок. Урокан ц1е: «Дош а, предложени а».   2 класс.

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Вай тахана юха а вовшахкхийти нохчийн меттан рог1ерчу урокехь.

-Дала беркате дойла вайн цхьанакхетар.

-Таханлерачу урокехь вай дуьйцур ду: дош стенах олу, предложени х1ун ю.

Дешнаша х1уманаш гойту:

Слайд:

х1ун? малх, шовда, буьйса;

 мила? йо1, к1ант стаг;

-Церан  билгалонашка хьовсур ду вай:

Слайд:

муха?бовха малх, шийла шовда, 1аьржа буьйса,                                                    хаза йо1, дика  к1ант, воккха стаг;

дар: х1ун до? йог1у, воду, доьшу.

-Дешнаш аьзнех лаьтта. Аьзнаш йозанехь элпашца билгалдо.

-Дешнаш  дешдакъошка  декъало.

-Х1ора  дашехь мукъа  аз доллучул  дешдакъа  хуьлу:

Слайд:

к1ант, церг, хьос-там, на-на, де-шар-хо, тал-лар-хо.

-Предложени- иза кхочушхилла яьлла ойла гойтучу дешнех олу.

Предложенино цхьана х1уманах лаьцна хаам бо:

Слайд:

Аьхка арахь йовха  хуьлу.

К1анта нанна совг1ат дира.

Аларан 1алашоне хьаьжжина  предложенеш хуьлу:

Слайд:

дийцаран (.),

 хаттаран(?),

 айдаран(!)

-Цхьана г1уллакхах я хиламах  лаьцна  хаамбечух  дийцаран предложени олу . И чекхъяьлча,  т1адам(.) буьллу.

Слайд:

 Бераша школехь дика доьшу.

-Шен чулацамца хаттаран маь1нехь йолчух  хаттаран предложени олу, цуьнан чаккхенга  хаттаран хьаьрк (?) дуьллу.

Слайд:

Мохьмад, хьо соьца ловза вог1ий? 

-Аз ойуш, ч1ог1а олучу предложених айдаран предложени  олу, цуьнан чаккхенга  айдаран хьаьрк (!) дуьллу.

Слайд:

1алелай, и дукха  олхазарш!

Ткъа х1инца 1амийначу урокан мах хадош, вешан хаарш

толлуш, т1еч1аг1дарш кхочушдийр ду  вай:

-Х1окху дешнех предложени х1оттае:

Слайд:

Со, классан, дешархо, шолг1ачу, ву.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Со шолг1ачу классан дешархо ву.

Дукха дешнаш хьанна хаьа хьовсий вай?

-Стиглахь, лаьттахь, хи чохь ган йишйолчу х1уманийн ц1ераш яха.

Слайд:

Стиглахь: малх, бутт, седарчий, мархаш.

Лаьттахь: ц1ено, дитт, некъ, т1улг.

 Хи чохь: ч1ара, пхьид, хин седа.

-Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:

-Т1ера схьаязъе предложенеш:  

Предложенеш х1окху рог1аллехь д1аязъе:

1-дийцаран  предложени;

2-г1а-хаттаран  предложени;

3-г1а- айдаран  предложени.

Слайд:

Хьо школе  вог1ий?

Вайна вешан  мохк  беза.

Ма хаза ду арахь!

Слайд: нийса иштта хир ду.

Вайна вешан мохк беза.

Хьо школе вог1ий?

Ма хаза ду арахь!

-Тахана вай шуьца дош а, предложени а х1ун ю 1амий.

          — Со теша, х1окху уроках аш пайдаэцна хиларх.

           -Дала нохчийн мотт 1аморехь, хаарехь сов дохийла вай!

           -Цу т1ехь вайн урок чекхъели.

           1одика йойла! Марша 1ойла!

Пайдаэцна литература:

Солтаханов Э.Х.,СолтахановИ.Э.,Эдилов С.Э.«Нохчийн  мотт-2  класс» Соьлжа-Г1ала   АО«ИПК» «Грозненский  рабочий»-2016ш.             «Стела1ад» журнал.

Автор:Мусаев Хамзат Ахмедович  МБОУ «СОШ №27» г.Грозный.

  ТЕСТЫ:

Масаэлпдунохчийналфавитехь

 45

 33

 47

 49   +

Close
Яндекс.Метрика