2 класс урок№21 Мукъаза аз ъ, элп Ъъ

21-г1а урок

Урокан  ц1е: «Мукъаза аз (Ъ), элп «Ъъ».     

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Тахана вай юха а д1ахьур бу нохчийн мотт 1аморехь болийна болу беркате болх!

Слайд:

Дашна юккъе иккхи иза.

Элпаш вовшех къастий цо.

 Ала соьга, хьоме Риза,

Муьлха элп ду дуьйцург вай?     (Нийса боху)

— Х1окху урокехь вай 1амор ду  мукъаза къора аз (Ъ), элп «Ъъ». 

-Иштта вай 1амор дуэлп Ъ дешан юккъехь,чаккхенгахь деша а, яздан а.

Слайд:

Нохчийн  маттахь Ъ мукъаза аз билгалдеш элп а, хьаьрк а ду.

 Цо дешан маь1на хуьйцу: кхор – кхоъ, бина – биъна.

— Тидам бе, билгалдаьхна дешнийн чаккхенгахь муьлха аз хеза.

Слайд:

Залпаъ а, Зараъ а ши доттаг1 ю. И шиъ школе деша яхара.                              Залпаа шен нене кхаъ баьккхира.

Нана, ас тахана пхиъ даькххина.

— Х1окху  предложенешкахь элп ъ йиш хадоран хьаьркан маь1нехь лела.

Слайд:

-Нохчийн  маттахь элп  Ъ къасторан хьаьркан маь1нехь лела.

Къасторан хьаьрко гойту, мукъаза аз мукъачуьнца д1ауьйш цахилар.

Шелъелла,  йохъелла,  лахъелла.

 —Иза яздо мукъазчу элпашна т1ехьа, мукъачу элпашна хьалха:

Слайд:

Масала: сихъелла, ц1анъелла, тапъаьлла, чекхъяьлла.

-Х1ара байт д1а а еший, билгалдаха къасторан хьаьркаца долу дешнаш:

Слайд:

Б1арзъеш ю саготта гуьйре,

Сов т1уьна, ткъаршЪяьлла еЪча,

Т1ейог1у къежЪелла 1уьйре,

Хьо хьегош де дарах декхна.       (Эдилов Х.-М.)    

Слайд:  нийса иштта хир ду:

Б1арзъеш,  ткъаршЪяьлла , къежЪелла.

-Къасторан  ъ долу дешнаш, керлачу мог1ане дохуш, хьалхарчу мукъазчу элпах  къаста ца до.

Слайд:

Дош керлачу мог1ане доккхуш,Ъ шена хьалхарчу мукъазчу элпах къаста ца до: шелъ-елла, хьагъ-елла, т1ехъ-яьлла, разъ-яьлла.  

-1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:

маь1нехь т1еоьшу  -елла, -яьлла а яздеш, д1аязде  х1ара дешнаш.

Слайд:

Хьаг – …(елла)           раз – …(яьлла)                    к1ад – …(елла)

мац – …(елла)           аг1ор – …(яьлла)                 маж – …(елла)

йиц – …(елла)           т1ех – …(яьлла)                    сих – …(елла)

Слайд: (Нийса  иштта хир ду)

Хьагъелла          разъяьлла                    к1адъелла

мацъелла           аг1оръяьлла                 мажъелла

йицъелла          т1ехъяьлла                    сихъелла

-Цу т1ехь вайн таханлера урок ерзор ю.

-Шу марша 1ойла! 1одика йойла!

Пайдаэцна литература:

Солтаханов Э.Х.,СолтахановИ.Э.,Эдилов С.Э.«Нохчийн  мотт-2  класс» Соьлжа-Г1ала   АО«ИПК» «Грозненский  рабочий»-2016ш.            

Автор:МусаевХамзатАхмедович  МБОУ «СОШ №27» г.Грозный.

  ТЕСТЫ:

Нохчийндешнашкахь аз долуш,аммахьаьркйоцуэлпкъстаде

                  (е)

                  (ю)

                   (ё)    +

                   (я)

Close
Яндекс.Метрика