2 класс урок№17 Дехий, доций мукъа аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а

Урок 17

Нохчийн меттан интернет урокан хоттам.

 Урокан ц1е: Дехий, доций мукъа аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а.

-Де дика дойла шун, хьоме дешархой.

— Вай х1инца д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.

-Таханлерчу урокехь вайна 1емар ду мукъа аьзнаш дехий, доций хилар а, уьш йозанехь билгалдахар а.

    —Х1етал-метал хаийла шуна:

Жима ю, 1аьржа ю, лата а ца лета,

Цергаш ца юхку, керта а ца вуьту.

Дог1а» нийса боху:

Слайд:

Дог1а

-Б1аьрхиш 1енош, деа чехка,

Мархаш ма ю иза хехка.

Керта хьийзаш, хелхар ди,

Корех леташ, уьш ц1анди

Алал, бераш, х1ун ю и?

«Дог1а»  нийса боху.

Слайд:

 Дог1а

-Хьалхарчу х1етал-металан жоп, х1усмаш ларъеш, ков-керт лардеш тухуш долу дог1а  ду.

-Шолг1ачу х1етал-металан жоп б1аьрхиш 1енош санна, чехка стиглара дог1уш долу дог1а ду.

-Тайп-тайпана маь1наш ду оцу шина дешан, яздар цхьатера доллушехь.

— Церан маь1наш хуьйцург х1ун ю?

Слайд:

 Мукъа аз — о дехий, доций хилар ду.

 —Нохчийн маттахь цхьадолчу дешнийн маь1на хийцало хьалхарчу дешдекъера  мукъа аз деха я доца алар бахьанехь.

Д1адеша дешнаш:

Слайд:

Бажа-бажа

Ваха- ваха

Мекха- мекха

Дакъа- дакъа

-Нохчийн йозанехь  а, о, у, е аьзнийн деха хилар билгал ца доккху. Церан деха я доца хилар маь1наца къаьста:

Слайд:

 хьаша- хьаша, шу- шу, мекха- мекха, дог1а- дог1а.

Д1аеша предложенеш.

Слайд:

Гурахь диттийн г1аш мажло. Со школе г1аш воьду . Б1аьста дог1а дог1ур ду. Аса ц1енна дог1а туьйхира.

-Билгалдаьхна дешнаш вовшашца дуста.

-Х1ун башхалла ю царна юккъехь?

— Х1ун ду церан цхьатера хьовсий вай?

-И дешнаш цхьатера яздо, амма церан тайп-тайпана маь1наш ду.

 -Церан маь1наш хуьйцург мукъачу аьзнийн деха я доца хилар ду.

-Йозанехь церан деха я доца хилар билгал ца доккху.

-Иза вайна маь1ница къаьста.

Слайд:

И, уь, юь  деха хезаш хилахь, царна т1ехьа й яздо: динахь- дийнахь, юьлу- юьйлу, буьйса, луьйчу, хуьйцу, суьйре.

-1амийнарг  т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду вай:

Д1аеша предложенеш.

Слайд:

Оцу динахь со хахкавелира.

Оцу дийнахь со хахкавелира.

-Юста и ши предложени вовшашца.

-Хьалхарчу предложенехь мукъа аз и доца ду.

-Шолг1ачу предложенехь мукъа аз и деха ду.

-Вай таханлерчу урокехь мукъачу аьзнийн деха а, доца а хилар  дийци.

Слайд:

Дагахь латтаде: нохчийн йозанехь  а, о, у, е аьзнийн деха хилар билгал ца доккху.

— Церан деха я доца хилар маь1ница къаьста.

Слайд:

И, уь, юь аьзнаш деха хезаш хилахь, царна т1ехьа й дуьллу:                                  Масала: туьйра, дийцар, юьйлу.

-Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю.

-Шун 1одика йойла! Марша 1ойла.

Пайдаэцна литература:

1 Э.Х. Солтаханов. И. Э. Солтаханов. Нохчийн мотт 2 класс. Соьлжа-г1ала АО «ИПК» Грозненский рабочий»-2016 ш.

2 С.Э. Эдилов. «Ловзуш 1ема»(Юьхьанцарчу классийн хьехархошна методически пособи) ГУП «Книжное издательство,»-2007 ш.

 Урок кечйинарг нохчийн меттан хьехархо: Дашаева Аминат Салаудиновна

Close
Яндекс.Метрика