2 класс урок№16 Шалхачу элпашца билгалдеш долу мукъаза аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а

2 кл. №16 Урок:

 Шалхачу  элпашца  билгалдеш долу  мукъаза   аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а.

-Маршалла  ду  шуьга , хьоме дешархой! 

-Вай юха  а д1ахьур  вешан  рог1ера   урок .

-Тахана  вайна девзар  ду  шалхачу  элпашца  билгалдеш  долу  мукъаза аьзнаш, уьш  йозанехь билгалдаха  а 1емар ду вайна. Иштта вай дуьйцур думукъаза шиъ шалха элп  хьалха – т1аьхьа нисделча, муха  яздан деза а.

-Оьшуш долу элпаш а дохкуш, д1аязъе суьрташ т1ехь йолчу х1уманийн ц1ерш.

Слайд:

     …оза                                       …окха                                     …олам

 -Муьлха шалха элпаш яздина вай?

Слайд:

Хьоза     кхокха      къолам

-Диц ма де шалха элпаш яздина дешнаш.

Слайд:

Нохчийн маттахь йозанехь шалхачу элпашца билгалдо  мукъаза аьзнаш:      г1, кх, къ, к1,п1, т1, хь, х1, ц1, ч1.

-Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кочушдийр ду вай.

-Х1ара  дешнаш  шина тобане декъа.

1-ра тоба: схьаязде шалха элпашца долалуш долу дешнаш;

 2-г1а тоба: язде шалха элпашца  долалуш доцу дешнаш;

Слайд:

Ахка , аьхке, говр , г1ант, кад, кхакха, къам, к1а,тата, т1ам, паста, п1елг, урс, уьстаг1, орам, оьпа, човка, ч1ара, ялг1у, яьшка .

— Муьлха дешнаш ду хьалхарчу тобанехь дерш?

Слайд: (хьалхара тоба)

Аьхке, г1ант, кхакха, къам, к1а, 1ам, уьстаг1, оьпа, ч1ара, яьшка, п1елг

— Муьлхачу  билгалонашца  далийна вай уьш  цхьана тобане?

Уьш  шалхачу  элпашца  долало.

-Х1ара дешнаш муьлхачу билгалонашца далийна шолг1ачу  тобане?

Слайд:

Ахка, говр, кад, тата, паста, урс, орам, човка, ялг1у

-Уьш шалхачу элпашца ца долало.

-Х1инца, кхин цхьа т1едиллар а кхочушдийр ду вай:

Т1адамийн метта дог1у элпаш а х1иттош, т1ера схьаязде дешнаш.

-Т1адамийн меттана яздинчу шалха мукъазчу элпашна  буха сиз хьакха.

Слайд:

Хьаьж…а, …еза, …айба, …азам, …аба, ме…а, …олам, бу…а, …окхам.

Слайд:   ( нийса иштта хир ду)

Хьаьжк1а,  к1еза,  хьайба,  ц1азам,  ч1аба,  мекха,  къолам, бух1а,  хьокхам.

-К1анта х1ара дешнаш иштта яздина шеен диктантехь. Ткъа хьехархочо уьш иштта яздар нийса ца лерина. Муха яздан деза уьш.

 Г1алаташ кара а дай, хила ма- деззара  схьаязде  и дешнаш.

Слайд:

Докхкха дитт

Можа сац1къар

Юкъкъера школа

Диттийн бахьхьаш.

Слайд: (иштта  нийса хир ду)

Доккха дитт

Можа сацкъар

Юккъера школа

Диттийн баххьаш.

-Нийса яздина.

Слайд:

Мукъаза шиъ шалхаэлп хьалха-т1аьхьа нисделча, хьалхарчу шалхачу элпаншолг1а хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а элп дуьззина д1аяздо: ткъа, воккха,ткъес, цкъа.

— 1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду  вай.

Суьрташка хьовсе, д1аязъе церан ц1ераш.

Мукъаза шиъ шалха элп хьалха – т1аьхьа нислучохь буха сиз хьакха.

Слайд:

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Ткъес      ц1оцкъам      ткъа

-Кхочушдийр ду кхин цхьа т1едиллар:

Т1адамийн метта дог1у элпаш х1иттаде.

Слайд:

Т1а…кха,  са…къар, ни…къ,  …къес, …къа, ю…къера, ба…къаш,  ба…хьаш, э…кхийна.

Слайд: ( нийса иштта хир ду)

Т1аккха,  сацкъар, ницкъ,  ткъес, цкъа, юккъера, баккъаш,  баххьаш, эккхийна.

-Тахана  вайна девзи   шалхачу  элпашца  билгалдеш  долу  аьзнаш, хии царех  йозанехь пайдаэца. Иштта вайна  евзи  мукъаза шиъ шалха элп             хьалха – т1аьхьа  нисделча, яздаран бакъо.

— Вайн  таханлера  урок  цу т1ехь чекхйолу.

1одика йойла!  Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика