2 класс урок№15 Шалхачу элпашца билгалдеш долу мукъа аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а

2 кл. №15 Урок:

 Шалхачу  элпашца  билгалдеш долу  мукъа   аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а.

-Маршалла  ду  шуьга , хьоме дешархой! 

-Вай юха  а д1ахьур  вешан  рог1ера   урок .

-Тахана  вайна девзар  ду  шалхачу  элпашца  билгалдешдеш  долу  мукъа аьзнаш, уьш  йозанехь билгалдаха  а 1емар ду вай.

-Оьшуш долу элпаш а дохкуш,  д1аязъе суьрташ т1ехь йолчу х1уманийн ц1ерш.

-Шалхачу элпашна к1ел  сиз хьакха.

Слайд:               

Обои Птицы Орлы Ястреб Белоголовый орлан Животные
Картинки по запросу картинка суслик пятнистый

    …стаг1.                                     …рзу.                                          …па.

 -Муьлха  шалха элпаш яздина вай?

Слайд:

     Уьстаг1    аьрзу     оьпа

-Диц ма де шалха элпаш яздина дешнаш.

Слайд:

Нохчийн маттахь йозанехь шалхачу элпашца билгалдо- аь, оь, уь -мукъа аьзнаш. 

-Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кочушдийр ду вай.

-Т1адамийн метта дог1у элпаш а х1иттош, т1ера схьаязъе.

-Аь, оь, уь элпашна к1ел сиз хьакха.

Слайд:

М…лкъа,  т…йра,  …йриг,   д…тта,  т…ха,  …рси,  д…хни,  л…хьа,  …шка,   …хк,  д…зал, …ла,  …хке,  с…йре,  ч…лпа,  ч…рк, ц…рг, …1на,  м…нга, т…ппалг, …хь.   

Слайд:  (нийса иштта хир ду)            

Моьлкъа,  туьйра,  уьйриг,   даьтта,  туьха,  оьрси,  даьхни,  лаьхьа,  яьшка,   юьхк,  доьзал,  оьла,  аьхке,  суьйре,  чоьлпа,  чуьрк, цуьрг, яь1на,  маьнга, туьппалг, юьхь. 

-Кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай. 

Дийца аьрзунах лаьцна кхин х1ун хаьа вайна.

Слайд:

Ламанан аьрзу ницкъ болуш ду.

Стигалахь хьийзаш, ижу лоьху  цо.

Аьрзун бен лаьмнашкахь хуьлу.

-Т1ера схьаязъе предложенеш, шалхачу элпашца билгалдечу  мукъачу аьзнашна к1ел сиз хьакха.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Ламанан  аьрзу  ницкъ  болуш  ду.

Стигалахь  хьийзаш,  ижу  лоьху  цо.

Аьрзун  бен  лаьмнашкахь  хуьлу.

-Схьаязъе  предложенеш, шалха мукъа элпашна к1ел сиз хьакха.

Слайд:

Аьхка тхан бешахь оьпа гира сунна.

 Оьпа жима экха ду.

Лаьтта бухахь деха иза.

Слайд: (Нийса иштта хир ду)

Аьхка тхан бешахь оьпа гира суна.

 Оьпа жима экха ду.

Лаьтта бухахь деха иза.

-Тахана  вайна девзи   шалхачу  элпашца  билгалдеш  долу  аьзнаш,

хии царех  йозанехь пайдаэца.

— Вайн  таханлера  урок  цу т1ехь чекхйолу.

1одика йойла!  Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика