2 кл. №15 Урок:
Шалхачу элпашца билгалдеш долу мукъа аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а.
-Маршалла ду шуьга , хьоме дешархой!
-Вай юха а д1ахьур вешан рог1ера урок .
-Тахана вайна девзар ду шалхачу элпашца билгалдешдеш долу мукъа аьзнаш, уьш йозанехь билгалдаха а 1емар ду вай.
-Оьшуш долу элпаш а дохкуш, д1аязъе суьрташ т1ехь йолчу х1уманийн ц1ерш.
-Шалхачу элпашна к1ел сиз хьакха.
Слайд:
…стаг1. …рзу. …па.
-Муьлха шалха элпаш яздина вай?
Слайд:
Уьстаг1 аьрзу оьпа
-Диц ма де шалха элпаш яздина дешнаш.
Слайд:
Нохчийн маттахь йозанехь шалхачу элпашца билгалдо- аь, оь, уь -мукъа аьзнаш.
-Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кочушдийр ду вай.
-Т1адамийн метта дог1у элпаш а х1иттош, т1ера схьаязъе.
-Аь, оь, уь элпашна к1ел сиз хьакха.
Слайд:
М…лкъа, т…йра, …йриг, д…тта, т…ха, …рси, д…хни, л…хьа, …шка, …хк, д…зал, …ла, …хке, с…йре, ч…лпа, ч…рк, ц…рг, …1на, м…нга, т…ппалг, …хь.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Моьлкъа, туьйра, уьйриг, даьтта, туьха, оьрси, даьхни, лаьхьа, яьшка, юьхк, доьзал, оьла, аьхке, суьйре, чоьлпа, чуьрк, цуьрг, яь1на, маьнга, туьппалг, юьхь.
-Кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Дийца аьрзунах лаьцна кхин х1ун хаьа вайна.
Слайд:
Ламанан аьрзу ницкъ болуш ду.
Стигалахь хьийзаш, ижу лоьху цо.
Аьрзун бен лаьмнашкахь хуьлу.
-Т1ера схьаязъе предложенеш, шалхачу элпашца билгалдечу мукъачу аьзнашна к1ел сиз хьакха.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Ламанан аьрзу ницкъ болуш ду.
Стигалахь хьийзаш, ижу лоьху цо.
Аьрзун бен лаьмнашкахь хуьлу.
-Схьаязъе предложенеш, шалха мукъа элпашна к1ел сиз хьакха.
Слайд:
Аьхка тхан бешахь оьпа гира сунна.
Оьпа жима экха ду.
Лаьтта бухахь деха иза.
Слайд: (Нийса иштта хир ду)
Аьхка тхан бешахь оьпа гира суна.
Оьпа жима экха ду.
Лаьтта бухахь деха иза.
-Тахана вайна девзи шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш,
хии царех йозанехь пайдаэца.
— Вайн таханлера урок цу т1ехь чекхйолу.
1одика йойла! Марша 1ойла!