2 класс урок№14 Предложени а, текст а

Урок 14.

Урокан ц1е: Предложени а,текст а.

-Маршалла ду шуьга, хьоме бераш!

-Вай д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок.   

-Урок д1айолош, иштта цхьа т1едиллар кхочушдийр дийр ду вай.

Вайна делла дешнаш ду, уьш кегаделла ду.

Слайд

Еза, дешархой, школа, шу.

 Г1уллахкаш, чохь, Малика, до.

-Муха х1оттор яра вай  х1окху дешнех предложени?  Хьовсур ду вай.

Слайд

Дешархошна шайн школа еза.
Маликас чохь г1уллакхаш до.

-Нисделин вайн дешнаш? Х1ун ди вай царех? 

 (предложенеш х1иттий)

-Вай х1окху урокехь дуьйцур ду предложенех лаьцна

Слайд

Предложени- иза кхочушхилла яьлла ойла гойту дош я масех дош ду.

Дешнаш предложенехь маь1ница дозаделла хуьлу.

-Ткъа вай оцу предложенера дешнаш д1адаьхча хир юй те цунах предложени?

Слайд

Дешархошна шайн школа……….. дешархошна шайн еза……………

-Х1ун эр дара аш? Юй уьш предложенеш?   (Яц).

-Х1ундааьлча цо кхочушхилла яьлла ойла ца гойту

Слайд:

Предложенино хаам бо я шена чохь цхьа хаттар х1оттадо, дехар до я цхьа х1ума т1едожадо. Предложенин маь1не хьаьжжина церан чаккхенга т1адам(.),хаттаран(?) я айдаран(!) хьаьркаш дохку. Нагахь санна предложенехь цхьа хаам бахь, цуьнан чаккхенгахь т1адам буьллу.

Масала:

Олхазарш бовхачу махка д1адоьлху.

   Слайд

 Нагахь санна предложени хазахетарца, воккхаверца алахь, цуьнан чаккхенга айдаран хьаьрк дуьллу (!). Масала:

Ма хаза бу вайн Даймохк!                                                

 Нагахь санна предложенехь хаттар делахь, цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк дуьллу(?)

Масала:

Асет,  хьо тахана школе йог1ий?                                      

-Х1инца вай хаттарш д1а а доьшуш, царна жоьпаш яздийр ду.

Слайд

1.Аша школехь х1ун 1амадо?

Школехь тхо 1ема еша а, яздан а.

2.Муьлха урокаш дукхаеза хьуна?

Суна дукхаеза нохчийн меттан а, литературин а урокаш.

Муьлха предложенеш ю аш язйинарш?      (дийцаран ю)

1амийнарг т1еч1аг1дар.

-Х1инца, хьоме бераш, вай цхьажимма дешнаш т1ехь болх бийр бу. Лахахь далийна дешнаш ду, ткъа шу  царех предложенеш х1итто хьовса.

Слайд:

доьшуш ву, Муса, шолг1ачу классехь
гуттар а, лела, ц1ена, иза
вог1у, Муса, хьалххе, школе
хьехархочуьнга, ладуг1у, дика, цо
дешархо ву, дика, иза.

 Болх нийса бинехь иштта хир бу.

Слайд:

Муса шолг1ачу классехь доьшуш ву.

Иза гуттар а ц1ена лела.

Муса хьалххе вог1у школе.

Хьехархочуьнга дика ладуг1у цо.

Дика дешархо ву иза.

-Хьовсал вай нисйинчу предложенешка. И предложенеш маь1ница йозаелла хилча х1ун ала мегар ду царех?                       (Текст ю)

Слайд

Текст – иза маь1ница йозаелла шиъ я масех предложении ю. Текстана шен маь1не хьаьжжина ц1е тилла мегар ду.

-Х1ун ц1е туьллур яра вай лакхахь ялийначу текстана?   

(Дика дешархо) – ц1е тилла мегар ду ваьш язйинчу текстана

-Т1адамийн меттана дош т1едуза.

1аламца ю даим суьйре
Дашо духар долу…                                         (гуьйре)

Д1ахьовсал шу кху вайн махке
Аре сенъеш кхечи…                                        (аьхке)

Гуьйре яхча едда д1а
Деъна кхечи шийла…                                     (1а)

1алам дохдеш малх схьакхийти
Заза доккхуш кхечи…                                     (б1аьсте)

-Стенах лаьцна яра вай ялийна предложенеш?

-Вай ялийна предложенеш ю шеран хенех лаьцна.
-Муьлхарниш ю уьш?

Слайд:                                     

 (1а, б1аьсте, аьхке, гуьйре)

— Иштта цхьа т1едиллар кхочушдан хьовса:

-Шайна хазахетачу шеран заманах лаций кхоъ-йиъ предложени язъе.

Герггарчу хьесапехь иштта хила тарло. Масала:

Слайд:

Д1адели шийла 1а. Т1екхечи б1аьсте. Арахь йохлуш ю. Дитташ ду заза доккхуш. Баьццарчу бацалахь хьалакъеда бес-бесара зезагаш.

-Х1ун ала мегар ду вай язйинчу предложенех? 

 (цунах текст ала мегар ду  х1унда аьлча, уьш маь1ница цхьана йозаелла предложенеш ю). «Б1аьсте» – ц1е тилла а мегар ду вай текстана.

-Х1окху урокехь вайна девзи, предложени – кхочушхилла яьлла ойла гойтуш, къамелан цхьа дакъа хилар. Дахарехь зеделлачух пайда а оьцуш,  предложенеш  х1итто а, цу предложенех текст х1отто а 1еми.

Таханлера вайн урок кху т1ехь ерзор ю вай.

1одика йойла, марша 1ойла шу!

                                                        Хьехархо: Абаева Берлант Ихвановна.            

Пайдаэцна литература:

Солтаханов Э.Х.,Солтаханов И.Э.,Эдилов С.Э.1амат «Нохчийн мотт» 2-га класс;

 Эдилов С.Э.»Ловзуш 1ема».; Эдилов «Самукъане грамматика».

Close
Яндекс.Метрика