2 класс Нохчийн мотт
Урок № 10 «Мукъаза аз а, элп а Й»
-Де дика дойла шу, хьоме дешархой!
-Вай д1айолайо рог1ера нохчийн меттан урок.
Бераш, суьрташка а хьовсий, ц1ерш яха церан.
Слайд:
…од ..
-Аша тидам бинехь, оцу массо а дашехь вайна хеза аз [й].
— Вай тахана 1амор ю й элп юкъадог1учу дешнийн нийсаяздаран бакъонаш, элп й юкъадог1у дешнаш сехьадаха а.
Й – элп зевне мукъаза аз ду.
— Шена юххехь мукъа аз доцуш, цо дешдакъа ца кхуллу:
Слайд:
йо-за, нох-чий, ший-ла.
-Нохчийн маттахь й элп масех маь1нехь лела:
-й-элп яздо о,оь,и элпашна хьалха хезаш хилахь;
Слайд:
йоза, йоьза, йиша, йог1у, йол.
— Оьрсийн маттахь санна, нохчийн маттахь а й элпо ах мукъа аз билгалдо. Оцу маь1нехь лелаш долу й элп коьртачу декъана а, о элпашна т1ехьа нисло.
Слайд:
бай, тай, сай, бой, дой.
—Нохчийн маттахь й элп озоран хьаьрк хуьлий а лела.
Озоран хьаьркан маь1нехь элп й лела и, уь, юь элпашна т1ехьа.
Слайд:
дийнахь, гуьйре, юьйлу.
—Нохчийн маттахь й элп дукхаллин терахьан чаккхе хуьлий а лела.
Слайд:
доттаг1-доттаг1ий, оьрси-оьрсий, х1ири-х1ирий.
—Нохчийн маттахь элп й дозаран хуттурган маь1нехь лела.
Слайд:
Сой, Асеттий, Мареммий цхьани туькана г1ур ю.
-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай:
— Х1окху суьртийн ц1ерш д1аязъе кхаа б1ог1амалге,
й элпаца долалуш долчу дешнашна к1ел сиз хьакха;
Слайд:
Тай чайник бай йовлакх майка йол.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Тай, чайник, бай, йовлакх, майка, йол.
—Х1инца кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду;
-Х1ора мог1анерчу дешнех предложенеш х1итто хьовсур ду вай:
(й элп долу дешнаш дешдакъошка декъа)
Слайд:
ловзу, майданахь, бераш
ю, майканаш, т1ехь, царна
гулйира, дадас, йол.
Слайд:
(Нийса иштта хир ду)
Бераш май-данахь ловзу.
Царна т1ехь май-канаш ю.
Уьш буьрканах ловзу.
-Дагахь латтаде: Й элп шайца долу дешнаш дешдакъошка доькъуш, элп й бухахь а дуьтуш доькъу:
Масала: Май-ка, г1ай-ба, май-да, хьай-ба, чай-ник.
-Вай тахана дийцира й элпах лаьцна.
-Кху т1ехь вайн таханлера урок чекхйолу.
-Шун 1одика йойла,
-Марша 1ойла!
Алабаева Тамара Висадиевна
Соьлжа-г1аларчу № 14 йолчушколан
нохчийнметтан,литературинхьехархо.