2 класс урок№23 ХIуманаш билгалъен дешнаш

Урок№23      Урокан ц1е: ХIуманаш билгалъен дешнаш.

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Х1окху урокехь вай  шуна довзуьйтур  ду хIуманаш билгалъен дешнаш. Иштта хуур ду цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло а.

— Х1етал – металш далор ду вай:

Слайд: (Суьрташца гайта)

-Хи йистера баьццара бохча?           (Пхьид)

-Хина тIай, некъана накъост?            (Говр)

-Шозза дуьненчу даьлларг?              (Олхазар)

-Х1уманаш билгалъечу дешнаша х1ун?  бохучу хаттарна жоп ло.

Слайд:

         Х1ун?  борз

                      мукх

                      трактор

-Адам  билгалдеш долчу дешнаша мила? муьлш? Бохучу хаттаршна жоьпаш ло.

Слайд:

                       Мила? нана, к1ант, дешархо

                       Муьлш? Наной, к1ентий, дешархой

-Уьш дерриг а х1уманаш билгалъен дешнаш ду. Царах ц1ердешнаш олу.

-Х1инца х1окху байт т1ехь юьйцург х1ун ю хьанна хуур дара?

Слайд:

    Х1уманаш, адам билгалдо,

    Мила? Х1ун ю? Хаттарш до.

    Ойлаей хьо дийций вала,

    Муьлха дакъа ду со ала?           (ц1ердош)

-Нийса боху, ц1ердрш ду цу т1ехь дуьйцург.

-Цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай.

-Ц1ерш яха суьрташ т1ехь гойтучу х1уманийн.

 -Д1аязде и дешнаш.

Слайд: (суьрташца гайта)

 Малх

 ага

 шада

 ахкарг

 рама

-Оцу дешнийн хьалхара элпаш вовшахтесча х1ун дош хир ду а алий, иза юкъахь долуш, предложени язъе. Дийца, муьлхачу хаттарна жоп ло оцу дашо.

-Т1едиллар нийса  иштта кхочушдича хир ду.

Слайд:

 Малх

 ага

 шада              МАШАР

 ахкарг

 рама

-Оцу дешнийн хьалхара элпаш вовшахтесча хир ду дош- М А Ш А Р.

-Дуненахь массарна а беза машар.

( беза х1ун? машар ) – машар ц1ердош ду.

-Кхин цхьа т1едиллар а кхочушдийр ду вай.

-Х1ун? бохучу хаттарна жоп лучу кепара, х1окху дешнашкахь цхьа элп хийца.

Слайд:

Моз — …,  т1ам — …, вота — …, тай — …, ч1ара — …, поп -…..

Болх нийса бинехь иштта хила тарло.

Слайд:

Моз – мох,   т1ам – лам,  вота – гота,   тай — бай,  ч1ара – кара,  поп — топ.

-Х1окху урокехь вай  шуна довзийти   хIуманаш билгалъен дешнаш. Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хии. Иштта 1еми цаьрца масалш дало а, предложенеш х1итто а.

-Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю.

 -Шун 1одикайойла. Марша 1ойла.

Close