2 класс урок№20 Элпаш ь, ё, щ, ф юкъадогIу дешнаш

       2 класс                УРОК 20

Маршалла ду шуьга, хьоме  дешархой!

  Х1окху урокехь вай дуьйцур ду  Ь, Ё,  Ф, Щ элпаш юккъехь долчу дешнех лаьцна.

Слайд:»» «»

Ф, Ё, Щ, Ь элпаш юккъехь долу дешнаш оьрсийн маттара схьаэцна ду.

Церан нийсаяздар дагахь латто деза.

Масала: асфальт, ферма, фартук, кофта, футбол.

-Флот — бохучу дашна т1ера цхьацца элп х1окху дешнийн чаккхене а дуьллуш, керла дешнаш кхуллур ду вай.

Слайд:

ФЛОТ+ шар(ф) ама(л)

              метр(о) сахь(т)

Флот — цхьана гӀуллакхна кечдина хикеманаш ду. (сурт гайта)

-Х1инца ас х1етал-метал лур ду шуна:

Слайд:

Буса шелло, г1ура чаг1ло,

Денош жимма дахло,

Чимаш ловзош, дарц а хьаьвзи,

Ала, муьлха бутт бу иза?

                          (Цхьацца элп дуьллуш, кепа чу д1аязде

                                                                ф е в р а л ь дош)

февралЬ

-Маса аз, маса элп ду х1окху дашехь? Элпаш дукха х1унда ду?

Слайд:

Февраль дашехь 7 элп ду, 6 аз ду. (Ь — к1едачу хьаьрко аз билгал ца до)

Слайд:

Диц ма де. Т1еэцначу дешнашкахь к1едачу хьаьрко (Ь) шена хьалхара мукъаза аз к1аддеш ала дезар гойту.

— Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.

-Д1аязйийр ю вай х1ара предложенеш, — Щ элпана к1ел сиз хьакха.

Слайд:

Тхан ц1ахь кхо щетка ю. Цхьана щеткица цергаш ц1анйо аса. Вукху щеткица мачаш ц1анйо. Кхоалг1ачу щеткица бедарш ц1анйо.

Билгалдаьккхинчу дешант1аьххьарчу дешдекъехь о х1унда яздина, ё а ца яздеш?

Слайд:

Билгалдаккха деза: оьрсийн маттара схьаэцначу дешнашкахь бен Ё ца яздо, нохчийн маттахь долчу дешнашкахь ЙО яздо.

Масала: йол, йовлакх, йома.

—Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд:

Тхан ц1ахь кхо щетка ю. Цхьана щеткица цергаш ц1анйо аса. Вукху щеткица мачаш ц1анйо. Кхоалг1ачу щеткица бедарш ц1анйо.

Ц1анйо, бохучу дашехь чакхенгахь О яздина, ё ца яздеш.

-Х1окху урокехь вай дийцира:  Ь, Ё,  Ф, Щ элпаш юккъехь долчу дешнех лаьцна. Довзийтира церан нийсаяздар а.

-Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун ,марша 1ойла.

 Пайдаэцна Нохчийн мотт. Солтаханов Э.Х. Солтаханов И.Э. Эдилов С.Э.

 Соьлжа- Г1ала. АО « ИПК «Грозненский рабочий» -2016

Урок кечйина: Хьехархо СОШ № 36.

 Батаева Альбика Асхабовна.

Close