1 класс
Урок 27.
Урокан цIе: ЧIогIа хьаьрк «ъ» яздар.
— Де дика хуьлда шун, хьоме бераш! Таханлера вайн урок дIайолор ю хIетал-металца.
Уллохь хила тхан йиш яц
Цунах теша йиш хир ю,
Абата тIе хьажа хьо
Тхуна юккъехь элп Ы лаьтта.
(чIогIа хьаьрк)
— Суна хетарехь, аш абат дика Iамийна хир ю.
— Цундела шу кхетта хир ду дуьйцуш дерг чIогIа хьаьрк дуй.
— Таханлерчу урокан цIе ю «ЧIогIа хьаьрк (ъ)»
— Вайна тахана девзар ду керла элп Ъ.
— Шуна Iемар ду элп Ъ яздан а, дешнашкахь а, предложенешкахь еша а.
Слайд.
КIеда хьаьрк лекха хилла
Элпаша аьлла цуьнга чIоггIа:
ХIай, ваша, хьалаийа ма луохьа!
КIеда хьаьрк дукха сеттина тIехьа
Шех хуьлуш чIогIа хьаьрк.
— ДIадоьшу вай дешнаш:
Слайд.
цхьаъ
шиъ
кхоъ
диъ
Залпаъ
Iайнаъ
— Дешнийн чаккхенгахь -ъ аз хеза.
Ъ — мукъаза, зевне аз ду.
Слайд.
Шелъелла
Хазъелла
Малъелла
—ъ элп дашна юккъехь ду.
— ШЕЛЪЕЛЛА дашехь Ъ элпо цхьа а аз билгал ца до. Иза къасторан хьаьркан маьIнехь лела.
Слайд:
Къасторан хьаьрко гойту мукъа аз, мукъазчух дIауьйш ца хилар
— Тидам бе, бераш элп Ъ цу дешнашкахь нисделла Е элпана хьалха,
мукъазачу элпашна тIехьа .
Слайд:
Элп Ъ къасторан хьаьркан маьIнехь лела мукъаза элпашна тIехьа, мукъачарна хьалха нисделча.
Слайд.
ЗIОКЬЕТТАРГ
ШОКЬЕТТАРГ
— ХIокху дешнашкахь къасторан хьаьркан маьIнехь яздина ь (кIеда хьаьрк).
Слайд:
ЧIогIа хьаьрк К – на улло нисделча цунах КЪ элп хуьлу
ЗIОКЪЕТТАРГ — дешан маьIна телха. Цундела къасторан хьаьркан маьIнехь К — на уллохь Ь (кIеда хьаьрк) яздо .
— ХIинца ъ элп яздан Iемар ду вай.
— Цкъа хьалха хIаваэхь яздан хьовса ъ элп.
— Цул тIаьхьа тетрадаш тIехь.
— Диц ма делаш нийса тетрадь дерзо а, ручка кхаа пIелгаца нийса схьалаца а.
— Йоза яздеш букъ нийса латта бе, тетрадь тIе дукха охьа ма таIа.
— Ницкъ ма-кхоччу хаза а, цIена а яздан хьовса.
Слайд:
Слайд:
Ъ — ЗОРБАНАН ЭЛП
Ъ — ЙОЗАНАН ЭЛП
— Леррина хьовса элпашка. Дуста уьш.
— Уьш вовшех тера дац.
1-ра тIедиллар.
— Дешнаш дIа а яздай, ъ элпана буха сиз хьакха.
Слайд.
Пхиъ, диъна, Асмаъ, цецъяьлла, шелъелла.
2-гIа тIедиллар.
— Муьлххаацхьа дош юкъадалош предложени язъян хьовсий вай.
Слайд:
Кеп: Асмаъ дика дешархо ю.
— Тахана вай Iамий Ъ—(чIогIа хьаьрк)
— Хии Ъ элп мукъаза аз дуй а, къасторан хьаьркан маьIнехь лелий а.
Кху тIехь вайн урок ерзор ю. Iодика йойла, марша Iойла шу!
Пайда эцна литература:
I. Солтханов Э.Х., Солтханов И.Э. Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт» 4 класс .
— Соьлжа-гIала: АО «ИПК «Грозненский рабочий» — 2016
2. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-гIала 2005 шо
3. Эдилов С.Э. «Ловзуш, Iема» Соьлжа-гIала 2012 шо.
2. З.Д. Джамалханов, У.Х. Эжаев, Э.Х. Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш. — Грозный: ГУП «Книжное издательство»
Кечйинарг: Грозни-гIалин № 56 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан, литературин хьехархо Абуева Товман Ильмадиевна