1 класс УРОК №31 БУКВА Г

Нохчийнметтан интернет-урок.

Мукъаза доккха а, жима а элп Гг

Урок №31

Де дика хуьлдашун, хьомедешархой! Дала беркате дойла таханлера вайн

цхьаьнакхетар. Нохчийн мотт сийлахь а бу, мерза а бу моз санна, ша безачунна. ГIиллакхе, оьздабу доттагIче буьйцуш. Ламанан шовданал цIена бу и. Хьо винчу ненан мотт бицмабе ахь!

Бераш, аса хIинца шуьга динарг къамел дара.

Къамел предложенех лаьтта. Ткъа предложени дешнех лаьтта. Дешнаш дешдакъойх кхоллало, дешдакъош аьзнех кхоллало.

Бераш, аьзнаш, элпаш муха къаста до вай?

Слайд I.

БIаьргашна гуш делахь, куьйга яздина делахь – иза элп ду.

Багахь схьаолуш делахь, лергашна хезаш делахь – иза аз ду.

Аьзнаш шина кепара хуьлу: мукъа а, мукъаза а.

Царах цхьа элп вайна тахана девзар ду. ДIаяханчу урокехь шуна девзира элп «В». Тахана могIанан доккха а, жима а элп Гг Iамош, дIахьур ю вай урок.  

Ловзар: «Хетал-металш».

— ХIетал-метал хаийла шуна:

Хина — тIай, некъана — накъост.

Слайд 2.

Говр.

ЧIерий цалоьцу, амма маша бузу.

Гезиг

Пенах кхозу, оллалой,

ТIеда мел верг вакъаво.

Гата

Горгамна юккъехь ерг хIун ю?

Г

КIайн-къорза и кхокха

ЦIехьа схьа беа,

Дуьненахь хуьлург

Тхоьга схьадийца.

Газет

Мотт бац, амма и хилла чохь

Дерриг бохург керланиг хууш хуьлу.

Газет   

Слайд 3.

— ХIун ю хIетал-метал тIехь юьйцуш ерш? (Газет, гата, гезиг, говр).

— Муьлха аз хеза оцу дешнашна юьххьехь? [Г].

— Амма и аз дашна юккъехь а, дешан чаккхенгахь а латта а тарло.

— Далорду вай масалш аз [Г] юккъехь а, чаккхенгахь а долуш.

Слайд 4.

(Мангал, горгам, горгали).

(Диг, дог, берг, церг).

— Бераш, хIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Гг элп яздан.

Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)

Г хIара йозанан доккха элп ду;

Г могIанан элп ду.

Г — хIара зорбанан доккха элп ду

г — хIара зорбанан жима элп ду

— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?

Вай йоза яздо жимачу могIан чу

Слайд: (йозанан элп дилларан схема гайтар)

МогIанан элп г яздо йозанан белхан могIан чохь.

— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай.

Слайд: (анимацица гойту)

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп г.

— Юха кепехьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп г. 

г

Г элп доккха а, жима а хуьлу.

— Маца яздо вай доккха элп?

Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)

— ХIинца вай яздийр ду доккха элп Г.

— Кепе а хьовсуш, вай яздийр ду йозанан доккха элп Г.

Слайд: (анимацица гайтар):

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Г.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп Г.

ДIаяздийр ду г юкъахь долуш дешдакъош.

Слайд: (анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар).

га, гу, го, ги, ге, га, гу, го, ги, ге

аг, уг, ог, иг, ег, аг, уг, ог, иг, ег

— Бераш, шуна девзий г элп юкъахь долу дешнаш? Далор ду вай уьш.                            

Слайд:

га

горгам

говр

дог

горгали

мангал

дуга

берг

ДIадоьшур ду вай ваьш далийна дешнаш.

Схьаяздийр ду цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш:

Слайд:

Шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш схьаяздийр ду вай:

Слайд:

гор-гам

ман-гал

ду-га

Кхаа дешдекъах лаьтташ долу дош схьаязде.

Слайд:

Гор-га-ли

Бераш, Iамийнарг тIечIагIдеш, вай лакхахь яздина дешнаш юкъахь а долуш 3 предложени яз йийр ю вай.

 Слайд 9.

  1. Дадас диг ирдо.
  2. Урокана горгали бийкира.
  3. Вахас мангал хьокху.

Г элп юкъахь долу дешнаш билгалдахий вай?

          Слайд I0.

  1. Дадас диг ирдо.
  2. Урокана горгали бийкира.
  3. Вахас мангал хьокху.

Бераш, хIинца хIара дешдакъош тIедузий вай?

Слайд 6.

га го гу ги ге

га — гали

го — гола

гу — гунаш.

ге — гезиг.

ги — гила.

— ДIадеша шаьш тIедуьйзина дешнаш а.

Слайд 7.

Гали, гола, гунаш, гезиг, гила.

Девзий шуна хIокху дешнийн маьIна?

Слайд.

Берг – копыто 

Гила – конь.

— Вай тахана дика кхиамаш бехи.

— Вайна девзи мукъаза аз а, элп а Гг, иштта Iеми могIанан доккха а, жима а элп Г г яздан а.

Вешан ненан мотт бийца а, цуьнца марзо латта ян а вайна цу Везачу Дала пурба лойла! Iодика йойла шун! Марша Iойла!

Хумакиева Зара Хасмагомедовна

гимназия №4 г.Грозный

Пайдаэцна литература: Солтаханов Э.Х, Солтаханов И.Э. «Абат -1 класс» Соьлжа-гIала АО «ИПК» «Грозненский рабочий» — 20I6ш. Эдилов С.Э. «Ловзуш, Iема». Абу Исмаилов «Дош» Соьлжа-гIала- 2005 шо.

Close