ШИРА ДИЙЦАРШ:


ОЬЗДАНГАЛЛА

Таркхойн Шовхала Нохчийчуьра бу боху кlентий ша волчу хьошалла кхайкхина хилла. lуьйранна уггаре дуьра кхача хьалха биллийтина цо хьешашна. Хьеший, яаеззачул хlума а кхаьллина, дlабевлла. Делкъехь уггаре чаьмза юург хьалха йиллийтина, тохара санна, хьешо юъчул хlума а йиъна, дlабевлла уьш. Суьйранна уггаре чомехь пхьор хьалха диллина хьешашна. lуьйранна а, дел-къехь а санна, кlеззиг хlума а йиъна, уьш дlабевлча, Шовхала хаьттина:
— Ма тамашийна хlума ду шена гинарг. Дуьра а, чаьмза а, чомехь а хиларх, цхьатерра бен ца йиъна-кх аша… Эвтархойн Ахьмада жоп делла:
— Хьан шуьнехь чомаш хержа даьхкина дац тхо. Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац.

Close
Яндекс.Метрика