ШИРА ДИЙЦАРШ

ТАЙМИН БИБОЛАТТИЙ, ТАРКХОЙН ШОВХАЛЛИЙ
Хьаша-да дика тlеоьцуш ву бохуш, гlараваьлла хилла Таймин Биболат. И хезна Таркхойн Шовхал вахана Биболат волчу, и зен дагахь.
Вахана дlакхаьчча иза.
— Ассалам lалайкум, Таймин Биболат. Тховса ахьа чу ца витахь, буьйса яккха меттиг боцуш висина-кх со, — аьлла цо. Шена тlе тиша бедар юьйхина хилла Шовхала, ша ца вовзийта.
Дика ду, шен тховса бахка безаш дукха хьеший бу, хlара ши цlа-м лур ду хьуна аьлла, рагlу кlел витина цо Шовхал.
Баьхкина схьакхаьчча хьеший. Церан къамел хезаш хилла Шовхална.
Говраш яйна шайн, ца карайо цхьа шо зама а ю, хlинца уьш йоцуш цlа даха йиш а яц шайн аьлла хьешаша.
Цул тlаьхьа меллаша гlаьттина, Теркайисте дlа а вахана, шен юрт а гlаттийна, сахилале Майратуьпа Таймин Биболат волчу веана хьешийн говраш а ялош Шовхал.
Шен духар а дуьйхина, кечвелла Шовхал. Дlабаха арабевллачу хьешашна гина говраш а, кечвелла лаьтта Шовхал а.
— Муха, мичахь карийна хьуна хlорш, — аьлла уьш цецбевлча, Шовхала аьлла:
— Шу оццул холчахlоьттина дела, юрт араяьккхира ас говраш лаха.
Цул тlаьхьа и хьеший, Таймин Биболат шайца а волуш, хьошалгlа бигина ша волчу хlусаме Шовхала. Кхаа дийнахь-бусий хьошалла дина цо.
Ша цlа воьдуш, дагадеана Таймин Биболатана, цо шен цlе а ма яьккхира, ша мичара вевза-те цунна аьлла. Хаьттича, ша дага ца вогlу хьуна, хьо волчу буьйса яккха веана, аьлла Шовхала.
Дегlе лазар а деана, вала воьжна Таймин Биболат. Ша леш цо аьлла, Таркхойн Шовхала шайна дина хьошалла а, ша цуьнца хlоттийна кеп а ла ца делла, леш ву со.

Close
Яндекс.Метрика