ЗАБАРЕ ДИЙЦАР:



  • Д1АВАХА ЦА КХЕТА ХЬАША
    Веана хьаша хилла. Х1усамден зуда ц1ахь ца хилла. Хьешана шена чохь карийнарг хьалха йиллина х1усамдас. Хьаша шина дийне а, кхаа дийне а ваьлла, д1а ца воьдуш.
    Чуьра юург чекхъяьлла, д1а-схьа хьаьжчий, кхалла х1ума ца карийна. Зуда ц1ераялале яьккхина лаьтташ ведар шура карийна х1окху шинна. И шура а йиъна чекхъяьккхина. Т1аккха ший а дуьхь-дуьхьала а вирзина, шаьш яьккхина хан дагаоьхуьйтуш, хабаре ваьлла.
    Хьешо Шемала д1адолийна шен къамел:
    — Берашна юккъехь осал ца хилар дика г1иллакх дара сан, — аьлла.
    — Дера дара, — аьлла, жоп делла х1усамдас Шемале.
    — Синкъераме воьдуш цкъа а доттаг1чуьнга маьхьсеш ца ехар а дара сан дика г1иллакх, — аьлла, шолг1а а хьешо.
    — Дера дара, — аьлла, жоп делла цунна х1усамдас.
    Иштта хьаша ша-шен хестош вахвелча, хьеше х1усамдас элира боху:
    — Кхин цхьа г1иллакх а дика ду хьан, Шемал д1аваха а саготту вац хьо, — аьлла.
Close
Яндекс.Метрика