Мотт бастар
Шина вешин урдо хилла юкъахь лелош, т1ехь йийна хьаьжк1аш а йолуш. Воккхах волчу вешин ц1е Мука хилла. Жимах волчо зуда ялийна шо долуш а, Мука мотт бастийтаза хилла несе. «Ялол, хьаьжк1ашна асар дина дог1ур вай», – аьлла цкъа Мукас несе. Йист ца хуьлуш, шен метиг белш т1е а тесна, т1аьхьа х1оьттина нус. Урдо доккха хилла. «Х1ара асар тахана чекхдаккха г1ертар хир ма вац х1ара», – ойла йора несо.
Д1а ма кхеччи, ка-тоьххана асар долийна Мукас. Делкъана мукъане садо1ур ду бохуш 1ийна нус. Мичара, Мука-м дагахь а ца хилла асар дечуьра саца.
Марвашас садо1уш ца хилча, нус а д1аг1иртина кхунна т1аьха къар ца луш.
Суьйре т1ееъна, х1ара шиъ асар дина а даьлла.
Т1аккха шен метиг белш т1е а тесна мотт баьстина несо: «Боккхачу дехка ц1е йолу к1ант, вайшиммо асар ца дина бохучунна къематдийнахь ялсмане хьарам йойла-кх», – аьлла.