Эдильгериев Хьасан (1938 — 2019 шо)

Поэт, прозаик Эдильгериев Хьасан вина Грозненски районерчу lалхан-Гlалахь 1938-чу шеран 10-чу январехь Саьлгирин доьзалехь. Жимчохь даьlахкийн туберкулезах цомгаш а хилла и лазар текхна Хьасана шен дерриг дахарехь. Цуьнца доьзна 1948-чу шарахь бен школе а ца вахна иза. Дерриг нохчийн халкъаца махках а ваьккхина, 1944-1945-гlий шераш Казахстанехь дlадахна. Ша винчу lалхан-Гlала цlавирзина 1957-гlа шо чекхдолуш. Школа 1958-чу шарахь циггахь чекхъяьккхина. Оццу шарахь деша вахна Нохч-Гlалагlайн пачхьалкхан педагогически институтан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени. Институтан стационарехь кхаа курсехь дешначул тlаьхьа, шен цамгар бахьана долуш, заочно доьшуш чекхъяьккхина институт. Дуьххьара балха вахна Хьалха-Мартан бархlшеран школе, нохчийн моттий, литературий хьеха. 1963-чу шарахь lалхан-Гlалара № 1 йолчу школе схьа а веъна, 1985-гla шо тlекхаччалц хьехархочун а, дешаран декъехула директоран заместителан а белхаш бина. Цул тlаьхьа 27 шарахь изза белхаш бина lалхан-Гlалара № 2 йолчу школехь. Эдильгериев Хьасанан хьехархочун лаккхара корматалла хилар а, хьанал къахьегар а билгалдоккхуш «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» аьлла, сийлахь цlе елла цунна. Литературехь кхоллараллин болх бан волавелла 1958-чу шарахь поэзин жанрехь. Дуьххьара стихотворени зорбане яьлла 1961-чу шарахь «Орга» альманаха тlехь. Хlетахь дуьйна поэзехь а, прозехь яздеш схьавогlу иза. Эдильгериев Хьасан «Дахаран бердаш» цlе йолу дуьххьарлера поэзин книга араяьлла 1992-чу шарахь. Хlетахь Нохчийн Республикин «Книга» издательство цхьана мужалтан юккъехь арахецнера веа поэтан йиъ книга. Царах цхьаъ яра «Дахаран бердаш». Цу тlехь зорбатоьхна ю шиъ поэма а, нохчийн шира дийцарш тlехь язйина яккхий лироэпически стихотворенеш а, лирически стихаш а — ерриг 59 поэтически произведени.

Close