Ахмадов Iумар Ахмадович

Ахмадов Iумар Ахмадович вина 1927-чу шарахь Хьалха-МартантIехь ахархочун доьзалехь. Деша вахара Хьалха-МартантIерчу юккъерчу школе. Школехь доьшуш волуш дуьйна исбаьхьаллин литература дукхаезаш, школин программица Iамо еза книгаш ешна ца Iаш, кхиерш а йоьшура цо. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа цо дешна Алма-Атахь пачхьалкхан университетехь. 1952-1956-чу шерашкахь болх бина школехь берашна хьоьхун. Цул тIаьхьа белхаш бина тайп-тайпанчу меттигашкахь: «Ленинан некъ» газетехь, телевиденехь, радиокомиттетехь… Ахмадов Iумар яздан волавелла 60-чу шерашкахь. 1962-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехт араелира цуьнан «Даггара доттагIий» цIе йолу дуьххьарлера книга. ХIетахь дуьйна цхьаъ вукхунна тIаьххье цхьаъ вукхунна тIаьххье араюьйлу Ахмадовн «Къонахалла», «Тайна Малика», «Забаре дийцарш» цIерш йолу дийцарийн гуларш. Яздархочунна дика девза берийн дахар, церан дог-ойла, сатийсамаш. Цундела ю уьш самукъане, еша дог догIуш. Дийцарш а, очеркаш а язйина ца Iаш, пьесаш а язйина Iумара. Цуьнан дахаран некъ хедира 2003-чу шарахь.

Close
Яндекс.Метрика