Хажаева Шомстин Ровзан

Хажаева Шомстин Ровзан йина 1960 — чу шеран 31-чу мартехь Нохч-Г1алг1айн Автономни Республикин Шелан к1оштан Курчалойн эвлахь, боккхачу доьзалехь. Дешна Курчалойн юккъера N1 йолчу школехь.
1976-чу шарахь кхиамца чекхйоккху Курчалойн эвлара юккъера школа, оццу шарахь деша йоьду Гуьмсера ГПТУ-24 училище «Мастер производственного обучения». 1978-чу шарахь иза ц1ечу дипломца чекхйоккху . Къинхьегаман болх д1аболабо 1978-чу шарахь Гуьмсерчу ГПТУ-24 училищехь «Мастер производственного обучения» берашна хьоьхуш. Училищехь шен белхан корматалла дика гайтарца совг1аташ до, дуккха грамоташ ло, иштта туристически путёвкаш ло Болгари (1983); Югослави (1985) пачхьалкхе.
6-чу октябрехь 1985-чу шарахь «Грозненский рабочий» газета т1ехь статья ю Ровзанан белхан корматалла хестош тоьхна. Училищехь болх беш йолуш 1982-1985-чу шарахь чекхйоккху Волгоградски Индустриально-Педагогический техникум.
1986-чу шарахь заочно деша йоьду Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Институте, факультет «Оьрсийн мотт, литература, Нохчийн мотт, литература». 1992-чу шарахь чекхйоккху Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Институт.
1988-чу шарахь ехаш йолу меттиг хийцар бахьанехь Майртуьпара юьззина йоцчу школе хьехархо балха х1утту юьхьанцара классашна.
2008-чу шарахь дуьйна нохчийн мотт, литература хьоьхуш схьайог1уш ю Куршлойн к1оштан Майртуьпарчу юккъера N2 йолчу школехь. Нохчийн мотт кхиорехь а, цуьнга болу безам к1аргбарехь а, нохчийн мотт а, литература а хьехарехь б1аьрла кхиамаш бахарна дуккха Сийлаллин грамоташца совг1аташ ду: НР 1илманан урхаллин Министерствера, НР ГосСоветера, Куршлойн к1оштан 1илманан урхаллера, Куршлойн к1оштан администрацера, Майртуьпара N2 йолчу школера. Иштта дуккха къийсадаларшкахь дакъалоцуш а, меттигаш йохуш схьайог1уш ю Ровзан. 2011-чу шарахь хьалхара меттиг яьккхира «Учитель года-2011» ц1е йолчу Куршлойн к1оштахь д1адаьхьначу къийсадаларшкахь, 2014 — чу шарахь НР Министерствехь д1адаьхьначу къийсадаларшкахь тоьллачарна юкъахь меттиг яккхарна Сийлаллин грамотица совг1ат дира. 2018-чу шарахь тоьллачех нохчийн меттан кабинет къастош лерина Куршлойн к1оштахь д1адаьхьначу къийсадаларшкахь кхоалг1а меттиг яьккхира Хажаева Ровзана.

Школехь доьшуш йолуш дуьйна язйо цо нохчийн маттахь байташ.
2013 — чу шарахь дуьйна «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» ц1е йолуш схьайог1уш ю Хажаева Ровзан.

Close