Ахмадов Муса Магомедович

Муса Ахмадов вина 1956-чу шеран 28-чу январехь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Цул тIаьхьа хьехархочун болх бина, книжни издательствон редактор, «СтелаӀад» журналан коьрта редактор, «Орга» ц1е йолчу литературни исбаьхьаллин журналан коьрта редактор, оьздангаллин Министерствон методически центран отделан куьйгалхо, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархо. 2000 шарера дуьйна 2002-чу шаре кхаччалц «Дуьненан лоьраш» аьлла Францера организацехь этнопсихологан болх бина. 2004-чу шарера дуьйна тахханалц «Вайнах» цIe йолчу литературни исбаьхьаллин журналан коьрта редактор ву иза.

Цо язйина «Берзлой» ц1е йолу пьеса, арахецна Парижехь 2002-чу шарахь французин маттахь. Оцу пьесица театрехь «Дом восточно-европейской пьесы» спектакль х1оттийна 2005-чу шарахь.

Вузашна а, школашна а лерина цо язйина нохчийн меттан, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин методически пособиш а, дешаран программаш а.

Цо язйина говзарш арахецна оьрсийн а, балкхарийн а, французийн а, японийн а, немцойн а меттанашкахь.

Close