1 класс Урок №22 «Буква Э»

22-гIа урок

Урокан цIе: «Аз а, элп а «Ээ».

— Де дика хуьлда шун, бераш! Делан пурбанца вай дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок.

— Таханлерачу урокехь вай Iамор ду керла аз, элп Ээ.

— Иштта могIанан жима а, доккха а элп Ээ яздан Iамор ду.

— Алал массара а Э. Муьлха аз ду и? Мукъа я мукъаза?

— Элп Э мукъа ду. (олучу хенахь багахь хIаваана дуьхьало, новкъарло ца хуьлуш олу)

— Э элп юкъахь долуш дешнаш хIитто а, уьш дешдакъошка декъа хьовсий вай ?

Слайд:

эса – э-са

эмкал — эм-кал

экскаватор — экс- ка- ва-тор

этка — эт -ка

эскар — эс- кар

эвла – эв-ла

— Стенах тера ду элп Э? (секхаIодан сурт дилла)

Слайд:

СекхаIад сайн караэцна,

Талла ваха со, ког хецна.

Iад ас дуьйли, озош пха,

И-м ца бели меттах дIа.

Соьгахъ хилларг Э элп хилла,

Дира суна цо и хIилла.

— Э элпаца долу догIу дешнаш далон хьовсий вай.

Слайд:

ХIинца божал дац тхан деса:

Атто дина тхуна…                 (Эса)

Хьоьца ловза бац и Iахар,

Ду и дера хьуьнан…              (Экха)

Боцуш муьста, баа томехь,

Хуьлу цуьнан мерзо чам.

Шатайпа бу и Iаьржа хьаьмц

Олу цунах вай…                    (Элхьамч)

Аз, элп [Э] Э юкъахь  долуш, дешнаш дало хьовсий вай?

Слайд:

эчиг

эса

эппаз

экха

эшарш

эхарт

Слайд:

Элпаш юккъехь къаьста со,

Аьрро агIор хьоьжуш го.

Iад ду моьттуш бераша,

Ловзо даьхьи шайца дIа.

— Бераш, хиин шуна муьлха элп ду стихотворенехь дуьйцург?

-Вай тахана Iамор ду, могIанан жима а, доккха а элп Ээ яздан.

Слайд:

Слайд:

Э – хIара йозанан доккха элп ду;

э — могIанан элп ду.

Э — хIара зорбанан доккха элп ду

э — хIара зорбанан жима элп  ду

-Муьлха могIан чу яздо вай йоза?

Вай йоза яздо жимачу могIан чу

Йозанан жима элп э яздар.

Аьрру агIорхьара аьтту агIор хьовзош, лахарчу белхан могIанах хьакха а долуьйтуш, охьайохьу озаелла горгалла лахарчу могIане кхаччалц. Лахарчу сизера аьрру агIорхьа жимма хьалагоргдеш сацадо сиз. Цул тIаьхьа гIодаюккъера пурх сиз далор ду вай аьтту агIорхьара аьрру агIор сиза тIе кхаччалц.

Слайд:(анимацица гойту)

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп э.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп э.

Слайд:

э э э э э э э…

— Маца яздо вай доккха элп?

Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а. 

Слайд:

гойту доккха а, могIанан а Ээ.

—-

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)

— ХIинца вай яздийр ду доккха элп Э.

— Кепе а хьовсуш, вай яздийр ду йозанан доккха элп Э.

Слайд: (анимацица гайтар):

— ХIинца дуьллур ду вай йозанан доккха элп Э.

— Аьрру агIорхьара аьтту агIор хьовзош, лакхарчу могIанах хьакха а долуьйтуш, охьайохьу озаелла горгалла лахарчу могIане кхаччалц. Лахарчу сизера аьрру агIорхьа жимма хьалагоргдеш сацадо сиз. Цул тIаьхьа гIодаюккъера пурх сиз далор ду вай аьтту агIорхьара аьрру агIор сиза тIе кхаччалц.

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Э.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп Э.

Слайд:

Э Э Э Э Э Э Э….

 ДIаяздийр ду э юкъахь долуш дешдакъош.

Слайд: (анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар).

эс  эт  эм  эв

— Бераш, шуна девзий э элп юкъахь долу дешнаш? Далор ду вай уьш.           

Слайд:

Эскар, этка, эмкал, эвла, эскархо

ДIадоьшур ду вай ваьш далийна  дешнаш.

Схьаяздийр ду вай  дешнаш, дешдакъошка а доькъуш

Слайд:

эскар – эс-кар

этка – эт-ка

эмкал – эм-кал

эвла – эв-ла

эскархо – эс-кар-хо

— Бераш, Iамийнарг тIечIагIдеш, вай лакхахь яздина дешнаш юкъахь а долуш, ши предложени язйийр ю .

 Слайд:

Тхан эвла йоккха ю.

Эмин ваша эскархо ву.

— Э элп юкъахь долу дешнаш билгалдахий вай?

Слайд:

Тхан эвла йоккха ю.

Эмин ваша эскархо ву.

— ХIокху урокех вайна девзи мукъаза аз а, элп а Ээ, иштта Iеми могIанан доккха а, жима а элп Ээ яздан а. Иштта Э элп юкъахь долу дешнаш, предложенеш еша а, язъян а Iамий.

Аша хIокху уроках пайдаэцна хир бу аьлла хета суна.

Дала тIаьхье беркате йойла! Iодикайойла шун!

Пайдаэцна литература:

Солтаханов Э.Х, Солтаханов И.Э., ЭдиловС.Э. «Нохчийн мотт-2 класс» Соьлжа-ГIала АО«ИПК» «Грозненский рабочий» — 2016ш.

Эдилов С.Э. «Ловзуш, Iема» ГУП «Книжное издательство», 2007ш.

Close
Яндекс.Метрика