МБОУ «СОШ №7» Нашаева Хазан Халидовна
Урок №5
«МогIанан доккха а, жима а элп О о»
Урокан цIе: Мукъа аз а, элпа О о.
Урокан Iалашо: Мукъа аз а, элп а О о довзийтар, йозанехь и билгалдан Iамар, мукъа я мукъаза ду къастон хаар, элп О о яздан Iамар.
- Шуьга ду маршалла
- Хьомсара дешархой.
- Дехийла, ирс хуьлда,
- Ховшалаш шу охьа
- Могуш-маьрша шу гар-
- Дийнан беркат ду.
- Iилмане шу кхийдар-
- Мах боцу совгIат.
Бераш, де беркате догIийла!
Мукъа аз а, элп а Оо довзуьйтур ду вай вешан урокехь.
Орга догIу сов гIовгIане,
Охкуш, отуш буто берд.
Ойла ейша: хIун аз ду те
Орга аьлча, хьалха дерг?
Бераш, Ооорга аьлча муьлха аз хеза вайна дашна хьалха?
Ткъа и аз мукъа ду я мукъаза ду?
(Орга дашна хьалха вайна [о] аз хеза.
Изамукъа аз ду.
Ткъа хIинца вай шух уггаре тидаме мила ву хьовсур ду.
ЛадогIа дешнашка:
Слайд:
Орам, олхазар, окхло, хьоза, гомаш, стол, гIомат.
Муьлха цхьатерра долу аз хаало вайна оцу массо а дешнашкахь?
Слайд (суьрташ гойту)
— ХIара хIун ю?
(Орам бу)
— Маса дешдакъа ду О-РАМ дашехь?
(Шиъ дешдакъа ду)
— Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа?
(Хьалхара дешдакъа О— ду)
— Муьлханиг ду шолгIа дешдакъа?
(ШолгIа дешдакъа —РАМ ду)
-ОООРАМ дешан юьххьехь муьлха аз хеза?
(Аз [О] хеза)
— Аз [О] Мукъа ду я мукъаза ду?
(Мукъа ду)
— ХIунда?
(Иза лакхало)
— ХIара ОРАМ бохучу дешан схема ю.
Маса мукъа аз ду ОРАМ дашехь?
(Шиъ ду)
ХIинца ойла ей, жоп дала хьовсий вай:
Стенах тера ду элп?
Горга ду и,
Горга ду.
Са а боцуш,
Чкъург и ю.
ДIахьажал цу чкъурге хьо:
Гур ду хьуна горга О.
Кхин стенах тера ду элп О?
Слайд: (суьрташ гойту)
(хIоз, наьрс, …)
Керчаш догIу, керчаш догIу,
Элп ду догIуш О.
Багахь боху, гIийла боху:
— КIадделла со.
0xI! До цо Axl! До цо Axl!
Керчаш догIу О.
Бераш, хIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Оо элп яздан.
О – хIара йозанан доккха элп ду;
о — могIанан жима элп ду.
О — хIара зорбанан доккха элп ду
О — хIара зорбанан жима элп ду
— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?
Вай йоза яздо жимачу могIан чу
Слайд:
(йозанан элп дилларан схема гайтар)
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп о.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп о.
о о о о о о о о……
(Вай Iамор ду жима о элп яздан).
— ТIадам буьллу могIанна юккъе, хьала сиз яздо, лакхарчу белхан могIанна тIе кхочуш хьаьвзина аьрру агIор дIа горга сиз яздо. ОхьавогIу, лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш хьаьвзина аьтту агIор хьалавоьду шаьш элп дIадолийначу сизах хутту.
— Элп доккха а, жима а хуьлу.
— Маца яздо вай доккха элп?
— Доккха элп вай яздопредложени йолош, долахь цIерашкахь а.
Слайд:
(гойту доккха а, могIанан а Оо
—-
— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?
(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)
— Кепе а хьовсуш, хIинца вай яздийр ду йозанан доккха элп О.
Слайд: (анимацица гайтар):
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп О.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп О.
О О О О О О О …
Слайд:
Йозанан доккха элп О яздар.
— Ручка юьллу лакхарчу белхан могIанна тIехула. Доца сиз а хьакхий, аьрру агIор хьаьвзаш охьадуьйла лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц, кхузахь хьаьвзина хьалагIо юха шаьш хьаькхначу сиза тIе кхаччалц.
I.Бераш, вай хIинца иштта болх бийр бу.
О элпаца долалуш долчу дешнийн масалш далор ду вай.
Слайд: (суьрташ гайта)
Охана, ога, орам
— Доькъур ду вай и дешнаш дешдакъошка:
Слайд:
о-ха-на
о-га
о-рам
Тахана вайна девзи мукъа аз а, элп а Оо, иза ала а, яздан а, цуьнца дешнаш дало а Iеми. Иштта далийна дешнаш дешдакъошка декъа а Iеми.
Баркалла, массарна а! Iодикайойла!