Урок №16
Мукъаза аз а, элп а Тт довзийтар, яздар.
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Тахана вай на девзар ду керла аз, элп Тт.
Иштта и элп яздан а Iамор ду вай.
Хьалхарчу урокехь Iамийна элп «Нн» карладоккхур ду вай.
Вайна дика дагадогIу, хьалхарчу урокехь вай Iамийна «Нн» элп, хIунда аьлча «Нана», боху дош и долу дела. Мел хьоме ю массарна а нана, цундела дIалаца атта ду аьлла хета суна элп «Нн».
Слайд:
Ненан мотт,
Хьо бека бисалахь
Тахконза дисинчу аганна;
Хьо хезчохь бисалахь
Нана мел езачу беранна.
Ненан мотт,
Хьо баха бисалахь,
Нохчийн къам мел деха цуьнца.
ХIинца хьалхарчу урокехь вай Iамийна элп «н» хьалха лаьтташ долу дешнаш билгалдохур ду вай байт юкъара:
Слайд:
Ненан, тахконза, дисинчу, аганна, нана,беранна, нохчийн, цуьнца.
Бераш, хIетал-металш дагадахкуьйтур ду вай:
Слайд: (суьрташ гайта)
Даима стигала хьалахьоьжург? (туьнкалг)
Мукх ца баабо, шед ца етта,
амма охуш ворхI нох такхадо? (трактор)
Цхьа дог долу ши ваша? (тукар)
— Цу дешнийн юьххьехь вайна хеза аз т.
— ХIинца тукар боху дош дешдакъошка доькъур ду вай.
Слайд: ТУ-КАР
— Цу дашехь ши дешдакъа ду;
— Хьалхара дешдакъа ту ду;
ШолгIа дешдакъа кар ду.
Хьалхарчу дешдекъехь хьалхара аз т ду;
Эр ду вай массара аз тттт.
Т аз олуш багахула арадолучу хIаваана новкъарло хуьлу, цундела т мукъаза аз ду.
Слайд:
Т — хIара доккха зорбанан Т ду;
т — хIара зорбанан жима элп т ду.
ХIинца хьовсур ду вай зорбанан Т элп стенах тера ду.
Тхов тIехь лаьтташ ю антенна.
Гуш ю иза xlopa денна.
Т – элп хилла хьаладаьлла,
Девзи тхуна иза халла. (Антенна)
— ХIинца вай доьшур ду т элп юкъахь дешдакъош.
Слайд:
ат | от | ут | ит | ет |
та | то | ту | ти | те |
— ХIинца вай доьшур ду т элп юкъахь дешнаш.
Тептар тукар тешам таллархо
туьха тарсал тата турмал
тур топ тача тидам
ХIинца вай хьовсур ду кху суьрте. Кху сурта тIехь вайна го телевизор, телефон, торт, тюльпан — (алцIезам)?
Вай Iамийна аз т вайна хеза хIокху дешнийн юьххьехь.
Слайд
Бераш, вайна девзи керла элп ТТ, и элп юкъахь дешдакъош, дешнаш а дийши вай.
— Элпаш хуьлу даккхий а, могIанан а.
Слайд:(гойту доккха а, могIанан а элпаш Тт элп яздаран кеп.)
Т — хIара йозанан доккха Т элп ду;
т — хIара могIанан элп т ду.
ХIинца вай яздийр ду могIанан элп т.
МогIанан элп т яздо белхан могIан чохь. Лакхара охьанехьа сизанна тIекхаччалц охьахьакха еза гIаж, тIаккха аьрру агIор цхьажимма хьалахьокху, юха юккъера сиз хьокху лакхара дуьйна лахарчу сиза тIе охьакхаччалц, кхин дIа кхоалгIа сиз хьокху лакхара лахара сиза тIе охьакхаччалц, аьтту агIор цхьажимма хьалахьокху, иштта кхаа гIожа тIехула жимма хьовзадеш сиз хьокху Iасанах тера долуш, раз яьккхинчу Iасанах терахуьлу и сиз, иштта йозанан доккха элп Т яздо.
Слайд:
— Цкъа хьалха кепа тIаьххье хIаваэхь яздан хьовсий вай элп т.
— Цул тIаьхьа тетрадаш тIе язде.
ттттттт
Т — элп доккха а, жима а хуьлу.
— Доккха элп вай яздопредложени йолош, долахь цIерашкахь а.
Т — хIара йозанан доккха Т элп ду; Доккха элп Т еа меженах лаьтта: нийса кхо гIаж, тIехула тхов.
Слайд:
— Цкъа хьалха кепа тIаьххье хIаваэхь яздан хьовса элп т.
— Цул тIаьхьа тетрадаш тIе дIаязде.
Йозанан доккха элп Т яздар.
— ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна гIоьнан могIанна юккъе. Билгалонна хьаькхначу сизе терра охьавогIу, лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш техкарг юьллу аьрру агIор, цу тIера дIа тасалург. ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна гIоьнан могIанна юккъе. ОхьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна гIоьнан могIанна юккъе. Билгалонна хьаькхначу сизе терра охьавогIу, лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш техкарг юьллу аьтту агIор, цу тIера дIа тасалург. ТIехула белхан а, гIонан а могIанашна юккъехула дIа сиз хьо аьрру агIор маьIиг юьллуш.
Т Т Т
— ХIинца вай яздийр ду т элп долу дешдакъош:
Слайд:
Та то ту ти те; ат от ут ит ет.
— Вай Iамийнарг тIечIагIдеш цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:
Схьаяздийр ду вай т элп хьалха долу дешнаш, дешдакъошка а доькъуш.
Слайд:
Трактор, ахча,туьха, мача, тача, тапча, бохча,
тукар, Таиса, Тоита.
Нийса жоп:
Трак-тор, туь-ха, та-ча, тап-ча,
ту-кар, Та-иса, То-ита,.
— ХIинца т элп юккъехь долу дешнаш, яздийр ду вай дешдакъошка а доькъуш.
Иту, синтар, Султан, Сату, ет, итт .
Нийса жоп
И-ту, син-тар, Сул-тан, Са-ту.
Лакхахь вай яздина дешнаш юкъахь а долуш цхьа предложени язъе.
Слайд:
Султана синтар дуьйгIира.
Вайн предложенехь кхо дош ду:
Хьалхара дош — Султана;
ШолгIа дош — синтар;
кхоалгIа дош — дуьйгIира.
Шайна юкъахь т элп долу дешнашна буха сиз хьакха.
Слайд:
Нийса жоп.
Султана синтар дуьйгIира.
——————-
Вайна девзи мукъаза аз а, элп аТт, иштта иэлп яздан а Iеми вайна.
— Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю. — Шун Iодика йойл