1 класс УРОК №14 «Бука Е»

Урок 14

Нохчийн меттан интернет урокан хIоттам.

Урокан цIе: мукъа аз а, элп а Ее  довзийтар, яздар.

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

Вайн урокан кхайкхам  бу:

Слайд:

Дика доьшуш

Хаарш Iамор,

И вайн коьрта декхар ду.

Толлур ду вай,

Лаьмнаш, хьаннаш,

Дерриг  дуьне девзар ду.

— Дуьне довза, лаьмнаш талла, хIордаш чуьра дахар довза, уггаре а хьалха вайна оьшург а, вайн коьрта Iалашо ю — ДЕШАР.

И Iалашо кхочушъян кийча дуй шу? (ду).

Бераш, тахана вай шуьца Iамор ду мукъа аз а, элп а Ее.

Уьш йозанехь яздан а Iамор ду вай.

ХIетал-метал хаийла шуна: 

Слайд:

Иза боьтту шура ло,

ТIаккха шура шуна ло.

Цунах олург дийцал аш,

Шуьгахь буй те иза Iаш?               (Етт)

Слайд:

Нийса боху етт бу иза.

Стенах тера ду элп?

Слайд:

(ахкарх тера ду)

— Жимчу кIентан бац цхьа бехк,

Ша кагъели «къена» ехк.

Кхо церг бен а ца йиси,

ХIинца цунах Е хили.

— Стенах лаьцна дуьйцу байта тIехь?

Нийса боху ахкарх.

— Аша Iуьйранна школе догIуш хIун хIокху коьртах месаш шаръеш?

Ехк хьокху нийса боху.

— Муьлха аз хеза вайна ехк дашна хьалха? (Е)

Нийса ду вайна хеза аз[е].

— Мила ву тидаме: суьрташ тIехь йолчу хIуманийн хьалхарчу аьзнех кIентан цIе вовшахтаса.      

ХIун го вайна суьрташ тIехь?

-ХIинца хIора хIуманан хьалхара элп ала, хIинца оцу элпех кIентан цIе кхолла, дIаеша  цIе. ХIун цIе ю иза?

Слайд:

ЕхкЗуИтуДахка

Нийса боху кIентан цIе Езид ю.

— ХIинца вай Е элпаца долу дешнаш деша хьовсур ду.

Слайд:суьрташ; дешнаш (доьшу) етт, ешап, цел (гам), церг,

           Етт                    ешап                       цел                            церг

   Седа                      бел            пеш              бен                     ехк

— ХIокху хIора дашехь вайна хеза аз а, элп а Ее.

Вайна тахана девзар ду зорбанан а, йозанан а, жима а, доккха а элп Ее.

Слайд:

Е хIара зорбанан доккха элп ду;

е хIара зорбанан жима элп ду.

Вай хIинца е элпаца дешдакъош кхуллуш доьшур ду:

Слайд:

ламусорихабиду
лемесерехебеде

-ХIинца е элп юкъахь дешнаш доьшур ду вай:

Слайд:

ме-ла ме-да бе-дар бе-рамре-ма хе-хо сем-са е-а-рае-са е-ха ле-ла бе-а-расер-ло сир-ла се-да се-дар

— ХIинца вай шуьца могIанан доккха а, жима а мукъа элпаш Е яздан Iемар ду:

Слайд:

Е — хIара йозанан доккха элп ду;

е — хIара могIанан жима элп ду;

-Муьлхачу могIан чу яздо вай йоза?

Нийса ду, вай йоза яздо жимачу могIан чу.

Слайд: (Анимацица могIанан элп дилларан схема гайтар)

МогIанан  жима элп е яздар.

ТIадам буьллу белхан могIанан кхоалгIачу декъана лахахь, хьалавоьду тасалуриг юьллуш. Лакхарчу белхан могIанна тIе кхачале хьаьвзаш охьавогIу лахарчу белхан могIане. Техкарг юьллу, цунна тIера дIа тасалуриг юьллу.

— ДIаяздо жима могIанан элп е. Цкъа анимаци тIаьххье хIаваэхь яздо, цул тIаьхьа тетрадаш тIе дIаяздо вай.

еееееееееее

Слайд: (Анимацица гайта йозанан доккха элп Е яздар)

ТIадам буьллу белхан, гоьнан могIанашна юккъе, аьрру агIор хьаьвзаш горга сиз яздо. Лакхарчу белхан могIанна тIе аьтту агIор воьду. Кхузахь лечкъарг юьллуш, хьаьвзина охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе. Кхузахь юьллу техкарг, цу тIера дIа тасалуриг.

— ХIинца йозанан доккха элп Е муха яздо шу кхетта хир ду аьлла хета суна.

— Цкъа хьалха хIаваэхь яздо вай и элп, юха тетрадаш тIехь дIаяздо.

ЕЕЕЕЕЕЕЕ

— Бераш, муьлхачу дешнашкахь яздо вай доккха элп Е?

Адаман цIерашкахь а, предложенин юьххьехь а яздо, нийса боху.

Слайд:

ХIинца вай е элпаца дешдакъош, дешнаш схьаяздийр ду вай:

Слайд:

ле   ме  се   ре   хе  бе   де

ре-ма  хе-хо    сем-са   е-а-ра  ме-ла  ме-да  бе-дар   бе-рам

Iамийнарг тIечIагIдеш тIедиллар кхочушдийр ду вай.

ТIедиллар иштта хир ду: схьаязъе предложени, е элп долчу дешнашна кIел сиз хьакха.

Слайд:

Езидан говр терса.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Езидан говр терса.

— ХIокху предложенехь кхо дош ду:

1-ра дош Езидан;

2-гIа дош говр;

3-гIа дош терса.

Хьоме бераш, тахана вайна девзира мукъа аз а, элп а Ее. 

И элп юкъахь дешнаш, предложенеш еша а, язъян а Iеми вай.

Цу тIехь вайн урок ерзор ю вай. Шун Iодика йойла!

Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика