1 класс
Урок № 13
Урокан цIе: Мукъаза аз а, элп а Д д довзийтар, яздар.
Урокан Iалашо: Мукъаза аз а, элп а Дд довзийтар. Деша а,яздан а Iамор.
— Марша догIийла шу, хьоме бераш! Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок. Тахана сунна шуна довзийта лаьа керла аз а, элп а.
ЛадогIа байте:
Слайд:
— Дедда догIу пису «Дильдиг».
Дебас цунна шура ютту,
Дауд цуьнца хаза ловзу,
Дукхадеза Дильдиг цунна.
— Бераш, ала стенах лаьцнадуьйцу аса ешначу байта тIехь (писух–Дильдигах). Муьлха аз – (элп) хеза шуна дешан юьххьехь «Дильдиг» олуш Д (аз, элп)).
— Вай хIокху урокехь аз а, элп а Дд Iамор ду.
— ХIинца хьовсий вай суьрте: (ЦIийнан сурт)
— Стенах тера ду-те Д элп?
Слайд:
Тхов бац иза,-ю и йист,
Шу ма хила тхоьга дист.
Дехьа-сехьа йилла церг:
Д-элп хир ду схьагушд ерг.
— Элп Д цIийнах тер а ду.
Слайд: (Д элп)
— Бераш хIара шуна гуш дерг зорбанан доккха элп (д) ду, хIара вай книгаш тIехь доьшу,
хIара жима элп д ду.
— ХIинца вай шуьца д элп а, аз а деша Iемар ду.
— И олучу хенахь хIаваана дуьхьало хуьлу, хеза вайна гIовгIа а, йиш а. Цундела цунах мукъаза зевне аз олу.
ХIинца дешдакъош деша хьовсур ду вай:
Слайд:
да | до | ду | ди |
ад | од | уд | ид |
— Бераш хIун го шуна суьрта тIехь
Слайд:
— дитт, диг, догIа, доьхка, диван, дада.
— ХIинца хIара дешнаш дешдакъошка а доькъуш деша хьовсур ду в ай: да-да, дитт, диг, дог, до-гIа, ду-ма.
Бераш, вайна девзи керла элп Дд и элп юкъахь дешдакъош а, дешнаш а дийши вай.
Ткъа хIинца Д д элп яздан хьовсий вай.
Слайд йозанан доккха а, жима а элпаш Д д гойту.
Доккха элп Д яздар
Лакхарчубелхан могIанна тIе тIадам буьллу. Цу тIера охьа нийса сиз хьокху. Лакхарчу могIанна тIе охьакхаьчча сизанна тIехула а йоккхуш ручка аьтту агIор букара сиз хьокхуш хьала а хьой ручка лакхарчу белхан могIанна тIе хьалахьой тIехула а йоккхуш чухьовзайо.
Жима элп д яздар.
Лакхарчу белхан могIанна тIе тIадам буьллу, аьтту агIорара аьрру огIор буккара сиз хьокхуш гобо а элпана санна. Аьтту агIор лакхарчу белхан могIанна тIе хьала а хьой, жимма аьрру агIор раз йоккхуш лахарчу гоьнан могIанна тIе кхаччалц охьаялайо ручка. ТIаккха аьрру агIор чу а хьовзайой тIаьхь-тIаьхьа халха охьадалийначу сизанна герга а хьуш, лахарчу белхан могIанна тIекхаьчча аьтту агIорарчу сизанна жимма тIехула доккху сиз.
1. ХIинца дешдакъош яздийр дув ай.
Да До Ду Ди
Ад Од Уд Ид
— ХIинца вай хьовсур ду муьлха элп дайна.
Слайд:
Элп дайна
Ка…, …итт, …арц, кIу…ал, …арба, …уга, …вда, да…а
— муьлха элп тIеоьшу дешнашна?
(Нийса жоп иштта хир ду.)
Кад, дитт, дарц, кIудал, дарба, дуга, шовда, дада.
— Лакхарчу тIедилларехь долчу дешнех пайда а оьцуш, предложении ялаяй вай:
Слайд:
Дадас болх дика бо.
— ДIаязъе и предложении, Д элпана кIел сиз хьакха.
Вай тахана дийцира Дд элпах лаьцна. Дагахь латтае Д элп яздаран бакъонаш!
Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.
Шун Iодика йойла,
Марша Iойла!