Урок № 9. 3 класс. Нохчийн меттан интернет — урок.
Урокан цIе «Доца шеконан мукъа аьзнаш»
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Суна чIогIа хазахета деладелла, декхаделла шу гича. БIаьстенан къегина малх санна ирсе хуьлда шун дахар.Тахана вай цхьаьна дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок.
— Вай тахана дуьйцур ду доца шеконан мукъачу аьзнех лаьцна,евзар ю цераннийсаяздаран бакъонаш, Iемар ду царех йозанехь пайдаэца.
— Ткъа таханлера вайн цхьаьнакхетар дIадоло лаьа суна дешнашкахь доца шеконан мукъа аьзнаш яздар талларца.
— Дуста бIогIамалгашкара дешнаш. Муьлха аьзнаш ду хIокху дешнашкахь билгалдинарш? Муьлхачу бIогIамалгахь дешнаш нийса яздина?
Слайд:
хьормут хьормат
олхузур олхазар
меллиша меллаша
урум урам
тускур тускар
чайнак чайник
тIоьрмаг тIоьрмиг
— ШолгIачубIогIамалгера дешнаш нийса яздина ду.
ТIера схьаязде аьтту агIорчу бIогIамалгара дешнаш. Доца шеконан мукъа аьзнаш билгалдечу элпашна кIел сиз хьакха.
Нийса иштта хир ду.
Слайд:
Хьормат, олхазар, меллаша, урам, тускар, чайник, тIоьрмиг.
— ХIинца хьовсу вай бакъоне:
Слайд:
ХIуманийн дар билгалден дешнаш доцчу кхечу дешнашкахь доца шеконан мукъа аьзнаш а, у, и шеконца хезаш хилахь, а яздо: хорбаз, орам, йоккха.
Амма г-ний, к-ний хьалха мукъа элп и яздо: чайник, лекханиг.
— ХIара хIун ю хьан эр дара?
— Жоп клеткаш чу дIаязде, шеконан мукъа элп билгалдаккха.
ХIетал-метал хаийла шуна:
Дехкий леца майра ду,
Дуьту Iаьхча иза чу,
Ткъа цIевзич, неI йоьллу.
Лиъча коре долуьйту,
Назбар тIехь а товжуьйту.
Карахь-марахь хьоьсту и.
Ала, хаахь, хIун ю и? (Цициг)
Нийса иштта хир ду:
Слайд:
ц | и | ц | и | г |
— Iамийнарг тIечIагIдеш кхин цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.
— ТIадамийн метта оьш-оьшу элпаш язде. Доца шеконан мукъа аз билгалдечу элпашна кIел сиз хьакха.
Слайд:
Мекарн…г кога буьхь…р тIедеара деч…гна. Циц…ган мIараш ира хуьлу. Чхьаьвр…ган тIам бага а боьллина, такхийна ор чуьра хьалаяьккхира зинг…то иза. Цхьадолу олх…з…рш бовхачу махка дIадоьлху.
Слайд: (Нийса иштта хир ду).
Мекарниг кога буьхьар тIедеара дечигна. Цициган мIараш ира хуьлу. Чхьаьвриган тIам бага а боьллина, такхийна ор чуьра хьалаяьккхира зингато иза. Цхьадолу олхазарш бовхачу махка дIадоьлху.
— Шун хаарш толлуш кхочушдо вай кхин а цхьа тIедиллар.
— ДIаязде кицанаш, яздар шеконе долу элпаш шайца долчу дешнашна кIел сиз хьакха, и элпаш билгалде.
Слайд:
Диканиг Iамаде, вониг коьрта чу догIур дац.
Цхьа хаьштиг пешахь а дов.
Цхьа сирник а тоьу холла баго.
— ХIинца толлур вай нийса яздиний хьовсуш
Слайд: (Нийса жоп)
Диканиг Iамаде, вониг коьрта чу догIур дац.
Цхьа хаьштиг пешахь а дов.
Цхьа сирник а тоьу хола баго.
— Хьоме дешархой, вай тахана дийци доца шеконан мукъачу аьзнех лаьцна,евзи цераннийсаяздаран бакъонаш, иштта Iеми царех йозанехь пайдаэца.
— Со чIогIа тешна ю нохчийн мотт кхиорехь, къоман гIиллакхаш лардарехь вай массара а кхидIа къахьоьгуш, оцу новкъахь бакхий кхиамаш бохург хиларх.
— Дала аьтто бойла вайн оцу некъа тIехь цIена чекхдовла!
Iодика йойла шун! Марша Iойла!
Пайдаэцна литература:
Солтаханов Э.Х, Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт — 3 класс» Соьлжа-ГIала АО «ИПК» «Грозненский рабочий» — 2016 ш. «СтелаIад» журнал. Эдилов С.Э. «Самукъане абат». «Ловзуш, Iема» Эдилов С.Э. Методически пособи. Юкъарадешаран ишколийн юьхьанцарчу классийн хьехархошна.
Кечйинарг: МБОУ «СОШ№60» нохчийн меттан, литературин хьехархо Илясова З.Х.