Урок №36 3-г1а класс
Урок ц1е: Хандешан билгалза кеп.
— Марша дог1ийла шу, хьоме бераш!
-Дагадоуьйту, хандашо х1ун гойту?
Слайд:
Хандош – иза къамелан дакъа ду.
Цо х1уманийн дар я хилар гойту. Хандешнаша х1ун до? х1ун дина? х1ун дира?
х1ун дора? х1ун дин? х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.
Масала:
Слайд : яздо, яздина, яздира, яздора, язди, яздинера, яздийр ду.
— Хандешнийн хенашца хийцадаларан кепаш карлайохур ю вай.
Слайд:
Хандош хенашца хийцало, цуьнан кхо хан ю:
карара хан, яхана хан, йог1у хан.
Слайд:
Ас дуьйцу
дийцина
дуьйцур ду
х1ун до?- дуьйцу /карара хан/,
х1ун дина?- дийцина /яхана хан/,
х1ун дийр ду?- дуьйцур ду/йог1у хан/.
-Ткъа дийца? Маца дийца деза? Муьлхачу хенахь лаьтташ ду и хандош?
-Цо хан ца гойту.
-Вай тахана дуьйцур ду хан билгал ца ечу хандешнех лаьцна.
Ас дуьйцу
дийцина
дуьйцур ду
дийца
Слайд:
Хандешан билгалза кеп ю.
Цо жоп ло: х1ун дан? бохучу хаттарна.
Слайд:
Масала: х1ун дан? деша, яздан, аха, лара, хатта, дийца;
-Цхьана дешдекъах лаьттачу хандешан билгалзачу кепан чаккхенга
Слайд:
-н яздо |
лан |
1ан |
дан |
ган |
-Ткъа х1инца, 1амийнарг т1еч1аг1деш, вай кхочушдийр ду х1ара т1едахкарш.
1-ра т1едиллар.
-Хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде.
Слайд:
Лору, хоржу, оху, вог1у, воду, вуьжу, вуьгу, доьшу, ловзу,
гойту, дуьйцу, 1уьллу.
Слайд:
Нийса иштта хила деза.
Лору-лара, хоржу-харжа, оху-аха, вог1у-ваха, воду-вада, вуьжу-вижа, вуьгу-вига, доьшу-деша, ловзу-ловза, гойту-гайта, дуьйцу-дийца, 1уьллу-1илла.
2-г1а т1едиллар. Схьалаха билгалзачу кепехь цхьана дешдекъах лаьтташ долу хандешнаш.
Слайд:
лоь |
го |
юу |
оху |
йо |
олу |
вог1у |
Слайд:
Нийса иштта хила деза.
йо-ян |
вог1у- ван ван |
го-ган |
лоь-лен |
Вайна девзи билгалзачу кепан хандешнаш, хии цара хенашца гергарло лелош ца— хилар, цара дуьххьал—д1а г1уллакхан дар хилар гойтуш хилар.
Цу т1ехь вайн таханлера урок чекхйолу.
1одика йойла шу! Марша 1ойла!