3 класс. Урок №29 «Билгалдош. Юкъара кхетам»

3 класс. Урок 29. Билгалдош. Юкъара кхетам.

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай шуьца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

— Шуна девзар ду хIуманийн билгалонаш гойтуш долу дешнаш, Iемар ду царех пайдаэца.

-Хьанна хуур дара хIун дош ду хIокху тIехь дуьйцург?

Слайд:

ХIуманан билгало гойту

Къамелан дакъа ду со.

Муха ю? Я хьенан? Стенан?

Хаттаршна ас жоьпаш ло. (Билгалдош)

— Нийса боху, билгалдош ду иза.

— Байт дIайоьшур ю вай билгалдешнийн тидам беш.

Слайд:

Мерза кхор

Кхор бу хилла, можа, мерза,

Горга, чкъор ду сов хаза.

Ас и юккъех боькъур бу,

ДоттагIчунна а кхачор бу.

— Кху тIехь буьйцург кхор бу. Кхор – цIердош ду.

Кхор муха бу, аьлла хаттар делча, вай жоп лур ду:

Можа, мерза, горга- уьш билгалдешнаш ду.

Слайд: Дагахь латтаде:

ХIуманан билгало а гойтуш, муха? мухачу? хаттаршна жоп лучу дешнех билгалдешнаш олу. Предложенехь билгалдешнаш цIердешнашца уьйр йолуш хуьлу: довха де, хаза бIаьсте, боккхачу тIулге.

— Iамийнарг тIечIагдеш тIедиллар кхочушдийр ду вай.

ЛадогIа хIетал – метале. ХIун ю цу тIехь юьйцург?

Слайд:

Вехаш-Iаш ву тхан цIа чохь цхьа эла:кетар кIеда, корта горга, бIаьргаш баьццара бу цуьнан. Мекхаш нилха, амма деха ду. Когаш боца, лергаш кегий, амма сема. (цициг)

— Муьлхачу дешнаша гIо дира вайна и хIун ю хаа?

Слайд:

КIеда, горга, баьццара, нилха, деха, боца, кегий,сема.

ХIокху дешнаша хIуманан билгало гойту. Цара жоп ло муха? бохучу хаттарна. Уьш билгалдешнаш ду.

Слайд

ХIетал-метал хаийла шуна:

Куро лела бай тIехула,

ПаргIат йоьду хи чухула,

Шен маьхьсеш а лелайо,

КIеда месаш вайна ло. (гIаз)

— Схьаязде, билгалдешнашна кIел сиз хьакха.

Слайд:

Куро лела бай тIехула,

ПаргIат йоьду хи чухула,

Шен маьхьсеш а лелайо,

КIеда месаш вайна ло.  (г    

— Кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.

— Лахахь далийначу цIердешнашна билгалдешнаш лаха.

Слайд:

Говр – (чIамара …)

Тетрадь – (керла …)

Коч – (еха …)

— Гергарчу хьесапехь жоп иштта хир ду.

Слайд:

Говр — чIамара, чехка, расха.

Тетрадь — керла, сийна, цIена

Коч — еха, хаза, можа

— Билгалдешнашна маьIница догIу цIердешнаш тIеязде.

Слайд:

(ЦIена, зевне, самукъане) хIаваъ, аз, йиш;

(цIен, боккха, мерза) Iаж, хьач;

(сийна, цIена) коч, хох;

(кIеда, кIайн) шекар, бамба.

Нийса иштта хир ду.

Слайд: (Нийса жоп)

ЦIена хIаваъ, зевне аз, самукъане йиш;

ЦIен, боккха Iаж, мерза хьач;

Сийна хох, цIена коч;

КIеда бамба, кIайн шекар.

Вайна тахана девзи билгалдешнаш.  Iеми текстехь уьш билгалдаха. Иштта церан хаттарш а девзи вайна.

— Кху тIехь вайн урок чекхйолу. Iодика йойла шун, марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика