3 класс. Урок №14 «Предложенин коърта а, коьртаза а меженаж».

3 класс

Урок №15.

Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи а, сказуеми а.

— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

— Суна хетарехь, аш сатесна хир ду керлачу хааршка, уьш шайна дахарехь оьшуш хилар а хууш. Вай шуьца дIайолайо вешан рогIера нохчийн меттан урок.

Слайд:

— ДIаеша предложени:

Месала цициг цIа чохь ловзу.

— Стенах лаьцна дуьйцу хIокху предложенехь?

Цицигах.

— ХIун до цициго? Ловзу.

Цициг дош юкъара дIа а даьккхина, йоьшу вай предложени.

Месала цIа чохь ловзуш ду.

— ХIун ловзуш ю? МаьIна кхеташ дац.

Ткъа хIинца юкъара дIадоккху вай ловзуш ду боху дош.

— ДIайоьшу предложени. Месала цициг цIа чохь.

— Ткъа цо хIун до хууш дац.

Цициг ловзубохучу дешнаша предложенин коьрта маьIна билгалдоккху. Уьш предложенин коьрта меженаш ю.

Слайд:

Коьрта меженаш подлежащи а, сказуеми а ю.

-Подлежащино предложенехь хьанах я стенах лаьцна дуьйцу, гойту.

Слайд:

Подлежащино мила? хIун? муьлш? хьан? стен? бохучу хаттаршна жоп ло. Предложени толлуш подлежащина буха цхьа сиз хьокху.

Масала: Буьйса яхъелла. Стенах лаьцна дуьйцу предложенехь? Буьйсанах.ХIун? – буьйса подлежащи. Цхьа сиз хьокху вай. ХIун дина? Яхъелла.

— Иза шолгIа коьрта меже ю – сказуеми. Предложенехь ши сиз хьакхарца билгалдоккху.

Слайд:

Сказуеми-коьрта меже ю. Цо предложенехь подлежащих лаьцна хIун олу гойту.

— Сказуемино хIун до? ХIун дина? ХIун дийр ду?

бохучу хаттаршна жоп ло.

— Вайна хии: предложенин ши коьрта меже хилар — подлежащи а,

сказуеми а.

— Ткъа хIинца Iамийнарг тIечIагIдеш тIедахкарш кхочуш дийр ду вай.

— Коьртачу меженашна буха сиз хьокхуш схьаязъе предложенеш.

Слайд:

Со зоопарке вахара. Кегий бераш акхарошка хьуьйсура. Дешархочо хаза сурт дуьллу. Буьйса юьйлира. Даккхий лайн чимаш эга дуьйладелира.

Нийса иштта хир ду:

Слайд:

Со-подлежащи, вахара сказуеми;

бераш-подлежащи, хьуьйсура — сказуеми;

дешархочо-подлежащи, дуьллу — сказуеми;

буьйса подлежащи, юьйлира — сказуеми;

чимаш-подлежащи, эга дуьйладелира-сказуеми.

— Кхин а цхьа тIедиллар кхочушдан хьовсур ду вай.

— МаьIница догIу подлежащиш язде.

Слайд:

Хьоькху шийла __________. КIайн лайн _________ лаьтта оьгу. Хьуьнах жимачу юьхка тIехь хиъна Iара _______

Билгалонна дешнаш: тарсал, мох, чимаш.

Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд:

Хьоькху шийла мох. КIайн лайн чимаш лаьтта оьгу.

Хьуьнах жимачу юьхка тIехь хиъна Iара тарсал.

— Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

— Iодика йойла, марша Iойла шу!

Пайдаэцна литература:

I. Солтханов Э.Х.,Солтханов И.Э. ,Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт» 3 класс

 -Соьлжа-гIала: АО «ИПК « Грозненский рабочий» -20I6

2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн мотт » II дакъа  Синтаксис                  Нохч-ГIалгIайн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник             Грозный Нохч-ГIалгIайн Книжни издательство I985

3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-гIала 2005 шо

4.Эдилов С. Э. «Ловзуш ,Iема» Соьлжа-гIала 20I2 шо.

5..З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев ,Э,Х.Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш.-Грозный :ГУП «Книжное издательство»

Кечйинарг:  Грозни-гIалин № 56 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан, литературин хьехархо Абуева Таиса Ильмадиевна.

Close
Яндекс.Метрика