3 класс. Урок №18 «Орамехь шала мукъаза аьзнаш яздар»

3 класс №18

Тема: «Орамехь шала мукъаза аьзнаш яздар».

— Маршалла ду шуьга!

— Хьалхарчу урокехь вай дийцира дешан хIоттаман коьртачу декъах – орамах лаьцна.

— Вай тахана урокехь дуьйцур ду «Орамехь шала мукъаза аьзнаш яздарх лаьцна».

— Йозанехь гIалаташ доцуш, нийсаязъяран бакъонаш а, дешнийн маьIнаш а довза деза.

— ХIокху урокехь кхин цхьа керла бакъо евзар ю вайна.

— Вайн маттахь, оьрсийн маттахь санна, цхьадолчу дешнашкахь шиъ цхьатерра мукъаза элп яздеш меттиг хуьлу.

— Царех шала мукъаза элпаш олу.

— Церан нийсаяздар дагахь латто деза.

— Шала мукъаза элпаш юкъахь долу дешнаш дIадоьшур ду вай.

СЛАЙД: (суьрташка а хьовсий цIераш яха)

Етт

хIуттут

датта

полла

дитт

баппа

джуккар (болх ца бо накхармоза)

— Iаламехь дуккха а нисло шала мукъаза элпаш долу дешнаш.

— Кхин мичахь карор дара вайна уьш?

— Вай дехаш ду йоккхачу Россин пачхьалкхехь.

— Пачхьалкхан куьйгалла деш ву паччахь. Пачхьалкхехь тайп – тайпана меттанаш дуьйцуш къаьмнаш ду.

— Олучу хенахь шала мукъаза элпаш цхьа аз хуьлий дека, цундела фонетически талам беш, шала мукъаза элпаш долчу дешнашкахь элпаш аьзнел сов хир ду

Масала:

СЛАЙД:

Таллам – 6 элп, 5 аз

Баппа – 5 элп, 4 аз

— ХIинца шала мукъаза элпаш долу дешнаш могIанехь сехьа муха доху хьовсур ду вай.

СЛАЙД:

етт

дитт

балл

исс

нитт

мотт

бутт

— ХIара дешнаш могIанера дехьа даха йиш яц, хIунда аьлча, уьш цхьана дешдекъах лаьтташ ду.

— ХIинца хьовсур ду вай орамехь шала мукъаза элпаш долу долу дешнаш керлачу могIане сехьа муха доху.

СЛАЙД:

Илли, гIиллакх, кхаллар, баппа, латта

— Дош дешдакъошка докъу, шала цхьа элп могIанехь дуьту, важа сехьадоккху. Масала:

СЛАЙД: (Нийса жоп)

Ил – ли

гIил – лакх

кхал – лар

бап – па

лат – та.

— Иштта вай хIокху бакъонна тIе догIу.

СЛАЙД:

Цхьадолчу дешнийн орамехь шала мукъаза элпаш яздо. Уьш цхьана могIанера вукху могIане дохуш вовшех къастадо.

— Дийцинарг тIечIагIдеш, тIедиллар кхочушдийр ду вай.

— Декъа йиш йолчохь дешдакъошка а доькъуш, дIаязде дешнаш.

СЛАЙД:

ДоттагI, таллархо, Iуьллу, балл, лоппаг, поппар, маккхал, бутт, даьтта.

— ТIедиллар нийса кхочуш динехь жоп иштта хила деза.

СЛАЙД:

Дот-тагI

тал–лар-хо

Iуьл-лу

балл

лоп-паг

поп-пар

мак-кхал

бутт

даьт-та.

— Бутт, балл (кхечу басца) дешдакъошка ца декъало, цундела уьш могIанехь сехьадаха бакъо яц.

— Предложенешкахь маьIница догIу дешнаш юкъа яздеш, хIара тIедиллар кхочушдийр ду вай.

СЛАЙД

Бабин цIен-къорза…….. бара.

Тхан уьйтIахь ……. бIарийн ……..дара.

Нана цIеношна ……….хьокхуш яра.

Со волчу сан………веара.

ГIоьнна дешнаш: етт, доккха, дитт, поппар, доттагI.

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.

Слайд:

Бабин цIен-къорза етт бара.

Тхан уьйтIахь доккха бIарийн дитт дара.

Нана цIеношна поппар хьокхуш яра.

Со волчу сан доттагI веара.

— Алфавитан рогIаллехь дIанисдийр ду вай хIара дешнаш.

СЛАЙД

Иччархо, кхаллар, аттйокх, гIуллакх, чуьппалг, даьтта, баппа, нитташ, латта, туьппалг.

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду:

СЛАЙД:

Аттйокх, баппа, гIуллакх, даьтта, иччархо, кхаллар, латта, нитташ, туьппалг, чуьппалг.

— ХIокху урокехь вайна хии нохчийн маттахь шала мукъаза элпаш долуш дешнаш хуьлий а, церан нийсаяздар дагахь латто дезий а.

— Цу тIехь вайн урок чекхйолу.

— Iодика йойла! Марша Iойла!

Close