3 класс. Урок №17 «Орам»

3 класс.

Урок №17 «Орам».

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай юха а дIайолайо рогIера нохчийн меттан урок.

— Вайн маттахь дуккха а дешнаш ду.

— Царех цхьадолчарех гергара дешнаш олу.

— Муьлхачех олу гергара дешнаш, дагадоуьйтур ду вай.

Слайд:

Юкъара дакъа а, маьIница вовшашна гергара а долчу дешнех гергара дешнаш олу.

Масала: зурма – зурманча, доттагI – доттагIалла, некъ – некъахо.

— ХIокху дешнаш юкъара гергара маьIна дерш вовшахтухур ду вай.

Слайд:

Къийса, къийсам, кхийса, къийсар, къийсамхо, къийзор.

Слайд: нийса иштта хир ду: (

Къийса, къийсам, къийсар, къийсамхо – гергара дешнаш ду.

— ХIунда аьлча, уьш маьIница вовшашца дозуш а ду, церан юкъара дакъа «къийса» а ду.

— Ткъа кхийса, къийзор – дешнаш цаьрца маьIнийца догIуш дац.

СЛАЙД

Гергарчу дешнийн юкъарчу декъах орам олу. Цхьа орам болчу дешнех цхьанаораман дешнаш олу.

— «Талла» бохучу дашна гергара дешнаш дало хьовсур ду вай.

СЛАЙД:

Талла, таллар, толлу, таллам, таллархо, теллина.

— ХIокху дешнийн юкъара маьIна ду, цундела вай уьш гергара дешнаш ду ала бакъо ю.

— Тидам бийр бу вай ораман.

— Цхьадолчу дешнашкахь орамера мукъа аьзнаш хийцаделла.

— Цхьадолчу гергарчу дешнийн орамера мукъа аз хийцалуш хуьлу.

Масала:

Слайд:

Хьеха – хьоьху – хьехна

Болх – белхало — балха

Деша – доьшу–дийшира

— Цхьа тIедиллар кхочушдан хьовсур ду вай.

— Жимачу текста юкъахь гергара дешнаш схьа а лахий, церан орам билгалбаккха.

СЛАЙД

Бераш хьуьнха дахара.

Хьун йоккха яра.

Хьуьнхочо хьунан дахарах лаьцна дийцира берашна. Церан чIогIа самукъа делира.

(аннимацица орам билгалбоккху)

Слайд:

Гергара дешнаш – хьун, хьуьнха, хьуьнхочо.

Церан юкъара дакъа – орам – хьун ду.

— Кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.

Слайд:

Деша, беш, сиха, дешар, сихалла, лехар, къийса, хьехархо, бешахо, лехам, саца, воккха, сацам, воккханиг, лехар, къийсам.

— Леррина тидам а бай, цхьанаораман дешнаш вовшахтоха.

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь жоп иштта хир ду.

СЛАЙД

Деша – дешар

беш – бешахо

сиха – сихалла

лехар — лехам

саца – сацам

воккха – воккханиг

къийса – къийсам.

— ТIаьххьарчу тIедилларехь орамера мукъа аз хийцалуш долу дешнаш цхьана бIогIаме, ца хийцалуш дерш вукху бIогIаме доькъур ду вай.

СЛАЙД

ГIала, гIалахо,гIалара, мохк, мехкан, махкахо, махкара, буц, бецан, бацалахь, вота, вотанча, вотанан, Iаж, Iежаш, Iожан, пондар, пондарча.

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду.

СЛАЙД

Мохк, мехкан, махкахо, махкара

гIала, гIалахо, гIалара

буц, бецан, бацалахь

вота, вотанча, вотанан

Iаж, Iежаш, Iожан

пондар, пондарча

— ХIокху урокехь вайна хии гергарчу дешнийн юкъарчу декъах орам олий, цхьа орам а,гергара маьIна а долчу дешнех цхьанаораман дешнаш олий а.

— Дешан орам лаха, гергара дешнаш а далийна, церан юкъара дакъа билгалдаккха дезий а.

— Йозанехь орам муха билгалбоккху а.

— Кху тIехь вай урок ерзор ю вай.

Iодика йойла! Марша Iойла!

Close