Кибиев Мусбек вина
1937-чу шеран 7-чу августехь Нохчийчоьнан лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу
юьртахь Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Школехь дуьйна а стихаш
язъеш хилла иза. Мусбекан стихотворенеш зорбане йовла юьйлаелла 1950-чу шераш чекхдовлачу
муьрехь. Поэтан дуьххьара зорбатоьхначу стихотворенех ю 1958-чу шеран 30
апрелехь «Ленинан некъ» газетехь араяьлла «Лаьттан седа» цIе йолу стихотворени.
ХIетахь дуьйна хаддаза араюьйлу цуьнан поэтически произведенеш газетийн,
журналийн, юкъарчу гуларийн агIонаш тIехь. Юккъера школа чекхъяьккхинчул
тIаьхьа, 1961-чу шарахь Кибиев Мусбек деша воьду Москва, М. Горькийн цIарах
йолчу литературни институте. Оцу институте кхоллараллин похIма дерг,
исбаьхьаллин литературехь шен таронаш гайтинарг бен дIа ца оьцу. Кибиев Мусбек
институте дIа а эцна, цо иза Iаламат дика доьшуш чекх а яьккхина. Оьрсийн матте
а яьхна, цуьнан стихаш зорбане евлла «Дружба народов», «Дон»,
«Техника-молодежи» журналаш тIехь, «Литература и жизнь», «Молодежь Молдавии»,
«Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газеташ тIехь.
Кибиев Мусбекан дуьххьарлера книга араяьлла
1962-чу шарахь. Иза «Ши зама» цIе йолу стихийн гулар яра. ШолгIаниг – «Наьрташ»
цIе а йолуш, 1964-чу шарахь араяьлла. Кибиев Мусбекан кхолларалла шен
чулацамца, маьIница кIарглуш, цуьнан поэзин исбаьхьаллин хотIан шатайпаналла
кухьуш хилла хан ю 1960-гIа шераш – 1970-гIа шераш дуьйладелла мур. КIорггера,
шуьйра хаарш луш йолу Литературни институт кхиамца чекх а яьккхина, 1967-чу
шарахь Нохчийчу цIа веана поэт. Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь арайийлина
поэтан керла книгаш: «Денойн чам» (1969), «Шийла цIерш» (1975), «Лаьттан
куьзга» (1984), «Беттан догIа» (1985), «Седарчийн чIара» (1988), «Хьекъалан
бохь» (1992), «Хаьржинарш» (2012). Оьрсийн маттахь араяьлла «Вершина разума»
(1993). Москвахь 1995-чу шарахь зорбане яьлла «Лунный дождь» цIе йолу книга.
Кибиев Мусбек кхелхина 1997-чу шеран 16 ноябрехь ша винчу юьртахь Веданахь.