Дудаев 1абди

Нохчийн поэт Дудаев Ӏабди вина Веданан районерчу Элистанжахь ахархочун Дудин доьзалехь. Исбаьхьа Ӏалам долчу ширчу нохчийн юьртахь дӀадахна Ӏабдин бералла. Деша ваххал хилча, шен дас хьуьжаре дӀавелла иза. Хьуьжарера ваьллачул тӀаьхьа, Ӏаьрбийн махка а вахийтина кхидӀа а дешийтина. Цхьайтта шо а даьккхина, цӀа веана Ӏабди. Дудина лиъна, шен кӀантах Ӏелам стаг хуьлийла. Ӏабдина а лиъна иза. Амма оцу хенахьлерчу социально-политически хьелашкахь кхочушхуьлийла дацара и лаам. Ӏабдин кхоллам новкъа бирзира.

Нохчийчохь йоза-дешар цахаарна дуьхьал къийсам дӀаболабечу муьрехь, Соьлжа-ГӀалахь педагогически курсаш чекх а яьхна, хьехархочун говзалла караерзийна Дудаев Ӏабдис. Цул тӀаьхьа Элистанжарчу юьхьанцарчу школехь хьехархочун а, тӀаккха директоран а болх бина цо. ХӀетахь дуьйна цуьнан дерриге а дахар халкъана юкъа йоза-дешар а, керла культура а яржорна дӀаделла хилла.

Дудаев Ӏабди гӀиллакхе, даг тӀехь куралла йоцуш, оьзда стаг хилла. Яздархочо Мусаев Мохьмада Дудаев Ӏабди дагалоцуш яздина: «Дудаев Ӏабди гойла хилла сан. ХӀетахь а цӀеяххана вевзаш поэт вара иза. Амма иштта дара аьлла, нахах къесташ, билгалвала гӀерташ вацара. БӀаьра хьаьжча, ца тосалуш ца дуьсура иза хӀуманан ойла еш, дуьненан къайленийн дуьхе кхиа гӀерташ стаг хилар а. ТаьӀначу басахь юьхь, лохха хьаж тӀе теттина куй, ойлане бӀаьргаш — иштта висна Ӏабди сан дагахь…»

Close
Яндекс.Метрика