Дикаев Мохьмад

Дикаев Мохьмад вина 1941-чу шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, Казахстанехь Чу станцехь Iийна ДикаевгIеран доьзал. Цигахь 1949-чу шарахь хьалхарчу классе деша вахана Мохьмад. 1959-чу шарахь деша вахана Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультете оьрсийн мотт, литературий, нохчийн мотт, литературий хьоьхучу отделени. ТIех дика доьшуш институт чекх а яьккхина, аспирантуре хIоьттина фольклорехула йолу Iилманан говзалла караерзо. Оцу институте хьехархочун балха дIа а эцна иза. Хаддаза цигахь болх бина цо, студенташна литература хьоьхуш. Шен предмет к1орггера хаарца цхьаьна, иза хьехаран лаккхара говзалла а хилла цуьнан. Хинволчу поэтан дуьххьара зорбане валар хилла 1958-чу шарахь 9-чу классехь доьшуш волуш. Поэта дуьйцу, шаьш Казахстанера цIа а даьхкина, Соьлжа-ГIалахь цIенош дечу хенахь, шеца цхьаьна классехь доьшучу накъосташа, оьрсийн дешархоша, вовшахкхетта бахка а баьхкина белхи бира, шайна цунах доккха гIо хилира, бохуш. Оцу хьокъехь ша «Комсомольское племя» газете материал яхьийтира, иза ара а елира «Спасибо вам, товарищи» цIе а йолуш. Иза дара шен дуьххьарлера зорбанан дош, боху цо. Дикаев Мохьмадан стихаш дуьххьара зорбанехь арайийлина 1960-чу шераш дуьйладеллачу юьххьехь нохчийн маттахь долчу газетийн а, «Орга» альманахан а агIонаш тIехь. Поэтан дуьххьара зорбанехь араевллачу стихотворенех ю «Кхоьру со», «Нана», «Со тилавелла хиллера», «Хан дIайоьду», «ХIун ду йоI кIантаца хилча?». Хьалхара шиъ зорбатоьхна 1961-чу шарахь «Орга» альманахан агIонаш тIехь. Важа кхоъ -1962-чу шарахь «Ленинан некъ» газета тIехь. Москвахь, 1963-чу шарахь дIаяьхьначу къоначу яздархойн ерригсоюзни кхеташонехь дакъалаца вахийтина Дикаев Мохьмад. 1990-чу шарахь араяьлла Дикаев Мохьмадан «Стеган цIе» поэзин книга. Цу тIехь зорбатоьхна ю 93 стихотворений, цхьа поэмий, ши драмий. Дикаев Мохьмадан поэзи къоман ламасташ тIехь кхиъна ю, къоман гIиллакх-оьздангаллин ламасташ чIагIдеш а ю. Даймохк, къоман доьналла, нана, безам – иштта билгалдаккха мегар дара цуьнан поэзехь коьртаниг. Дикаев Мохьмад кхелхина 1979-чу шеран 29-чу октябрехь.

Close
Яндекс.Метрика