Гацаев СаьIид вина
1938-чу шеран 2-чу декабрехь Веданан районерчу Дишни-Ведана юххерчу кIотарахь
ахархочун Асламбекан доьзалехь. Поэтан дахаран хьалхара пхи шо оцу исбаьхьчу
Iаламан аьхналлехь дIадахна. Нохч-ГIалгIайн республика юха метта а хIоттийна, адам
цIадерза доладелча, Соьлжа-ГIалахь 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн педагогически
институтан историко-филологически факультетехь схьайиллина нохчийн меттан,
литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархой кечбеш йолу отделени.
ХIетахь шайн доьзалца даймахка цIавирзина волу СаьIид, йоккхачу конкурсах чекх
а ваьлла, оцу отделени деша вахна. Институтан ши курс чекхъяьлча, цхьана ханна
стационарехь дешарх юкъахвала дезна цуьнан. Амма институте юха а веъна, иза
чекхъяьккхина 1963-чу шарахь. Цуьнан цхьайолу стихаш нохчийн назманийн, узамийн
кепехь язийна ю Са1идан. Уггаре евзаш йолчех ю цуьнан Темирбулатова Сиржана
мукъамаш баьхна д1аолуш долу « Алаза дош», «Сан илли», Суна хьо еза», «Лулахо»
,«Сийна б1аьсте». Iаламат исбаьхьа ю Гацаев СаьIидан лирика. Даймехкан тема
коьртаниг а йолуш, шуьйра чулацам бу цуьнан лирикин. Ненан марзо, доттагIаллин,
безаман уьйраш, адамийн юкъаметтигаш, хазахетарш, халахетарш, дегайовхонаш,
деган Iийжамаш – и берриг синхьегамаш гайтар шатайпанчу исбаьхьаллица
кхоьллинчу Iаламан сурташца доьзна ду поэтан дукхахайолчу стихашкахь.
Гацаев СаьIид кхелхина 2012-чу шеран 13-чу
декабрехь, пIераскан буьйсанна.