Гадаев Мохьмад-Салахь

Гадаев Мохьмад-Салахь вина 1909-чу шарахь ГIуран-беттан 10-чу дийнахь Нажи-Юьртан к1оштара Чуьрч-Ирзе юьртахь.
Чуьрч-Ирзехь чекхйоккху  цо ворх1шеран школа. Цул т1аьхьа доьшу Ростов-г1алахь рабфакехь. 1930-чу шерашкахь Нохчийчохь историн а, меттан а, литературин а Iилман-талламан институтехь болхбан а  волало иза. XX-чу б1ешеран 30-чу  шерашкахь евзира Гадаев Мохьмад-Салахьан ц1е нохчийн литературехь. Х1етахь дуьйна поэтан, прозаикан,  гочдархочун сийлахь г1уллакх  кхочушдеш схьавеара иза. 1940-чу шарахь араелира цуьнан стихийн хьалхара гулар. Оцу гуларехь зорбане евллачарна юккъехь яра «Йисите», «Бэлин йиш», «Испанхойн нана», кхийолу стихаш, «Тоьпан тата» поэма. Оццу шерашкахь язйира Гадаев Мохьмад-Салахьа «Буьйсанан бере», «Ши стаг» поэмаш, «Нус», «Акхаралла» повесташ. Дукха  къахьоьгу цо оьрсийн тоьллачу яздархойн произведенеш нохчийн матте гочъеш а.
Оьмаро шена еллачу 63 шеран хенах 30 шо гергга хан набахтишкаххьий, ссылкеххьий яккха дезна цуьнан. Оцу бахьаненна еххачу хенахь цуьнан произведенеш ешархошна ца евзаш лаьттира. Бакъду, цуьнан тоьлла байташ: «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта», «Рег1ара поп», «Ц1ен Берд», «Дарта», иштта кхиерш а, куьйга язъеш, къайлах кар-кара луш, лелаш яра поэзи езачарна юккъехь. Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла нохчийн литературин шерашца шен мехалла йовр йоцу хазна ю. Мохьмад-Салахьан кхалхар хилла 1972-чу шарахь.

Close
Яндекс.Метрика