Эдилов Хасмохьмад

Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922-чу шеран 16-чу ноябрехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан районерчу ВаларгтIехь ахархочун Эдалан доьзалехь.
Эдилов Хасмохьмада юьхьанца цIахь дешна. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1936-чу шарахь хьехархойн училищехь а, тIаккха Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан дешаран комиссариатехь йиллинчу политпросвет школехь а дешна цо. 1941 – 1944 шерашкахь Эдилов Хасмохьмада белхаш бина Халкъан дешаран комиссариатехь школийн инспектор волуш республикански Халкъан кхоллараллин цIийнан инструктор Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а. Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волчу хенахь. Амма шина-кхаа шарахь а шен стихотворенеш зорбане ца елла цо, уьш ледара хеташ. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбанехь араяьлла 1939-чу ша­рахь.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, Нохчийчоьнан яздархоша арахийцира “Фашисташна дуьхьал стихаш” цIе йолу книга. Оцу книги тIехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна яра Эдилов Хасмохьмадан масех стихотворени а. Уьш яра: “ТIемало –хьоьга!”, “БIаьрзе стаг”, “Кавказан аьрзу”, “Суьрте”. Даймахка тIом бахьаш веанчу мостагIчунна дуьхьал луьрчу къийсаме хIоьттинчу бIаьхочун дог-ойла, иза эшо болу цуьнан лаам а, доьналла а гайтина автора оцу стихотворенешкахь. Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлера стихотворенийн книга араяьлла 1958-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь. “Октябран серло” цIе йолу и сборник суперобложка а йолуш, хаза кечйина яра. Доккха гIуллакх дина Эдилов Хасмохьмада кхечу къаьмнийн литературин произведенеш нохчийн матте йохуш а. Цо гочйина луларчу къаьмнийн а, ойрсийн поэтийн стихаш. Нохчийн матте яьккхина М. Ю. Лермонтовн «Измаил-Бей» цIе йолу поэма, дуккха а кхийолу цуьнан стихотворенеш а.
Эдилов Хасмохьмад кхелхина 1991-чу шеран 11-чу ноябрехь Соьлжа-ГIалахь.

Close