Кибиев Мусбек

Кибиев Мусбек вина 1937-чу шеран 7-чу августехь Нохчийчоьнан лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Школехь дуьйна а стихаш язъеш хилла иза. Мусбекан стихотворенеш зорбане йовла юьйлаелла 1950-чу шераш чекхдовлачу муьрехь. Поэтан дуьххьара зорбатоьхначу стихотворенех ю 1958-чу шеран 30 апрелехь «Ленинан некъ» газетехь араяьлла «Лаьттан седа» цIе йолу стихотворени. ХIетахь дуьйна хаддаза араюьйлу цуьнан поэтически произведенеш газетийн, журналийн, юкъарчу гуларийн агIонаш тIехь. Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1961-чу шарахь Кибиев Мусбек деша воьду Москва, М. Горькийн цIарах йолчу литературни институте. Оцу институте кхоллараллин похIма дерг, исбаьхьаллин литературехь шен таронаш гайтинарг бен дIа ца оьцу. Кибиев Мусбек институте дIа а эцна, цо иза Iаламат дика доьшуш чекх а яьккхина. Оьрсийн матте а яьхна, цуьнан стихаш зорбане евлла «Дружба народов», «Дон», «Техника-молодежи» журналаш тIехь, «Литература и жизнь», «Молодежь Молдавии», «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газеташ тIехь.

Кибиев Мусбекан дуьххьарлера книга араяьлла 1962-чу шарахь. Иза «Ши зама» цIе йолу стихийн гулар яра. ШолгIаниг – «Наьрташ» цIе а йолуш, 1964-чу шарахь араяьлла. Кибиев Мусбекан кхолларалла шен чулацамца, маьIница кIарглуш, цуьнан поэзин исбаьхьаллин хотIан шатайпаналла кухьуш хилла хан ю 1960-гIа шераш – 1970-гIа шераш дуьйладелла мур. КIорггера, шуьйра хаарш луш йолу Литературни институт кхиамца чекх а яьккхина, 1967-чу шарахь Нохчийчу цIа веана поэт. Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь арайийлина поэтан керла книгаш: «Денойн чам» (1969), «Шийла цIерш» (1975), «Лаьттан куьзга» (1984), «Беттан догIа» (1985), «Седарчийн чIара» (1988), «Хьекъалан бохь» (1992), «Хаьржинарш» (2012). Оьрсийн маттахь араяьлла «Вершина разума» (1993). Москвахь 1995-чу шарахь зорбане яьлла «Лунный дождь» цIе йолу книга. Кибиев Мусбек кхелхина 1997-чу шеран 16 ноябрехь ша винчу юьртахь Веданахь.

Close