Зайтемиров Сайдик

НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ:
Зайтемиров Сайдик Салахович — МБОУ «СОШ с. Татай-Хутор» нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Сайдик вина 1988-чу шеран 20-чу ноябрехь Ножай-Юьртан к1оштан Татай-Отарахь.
2005-чу шарахь юьртара юккъера ишкол чекхйоккху, цу шарахь деша воьду Соьлжа-Г1алара хьехархойн колледже. 2008-чу шарахь иза ц1ечу дипломца чекхйоккху Сайдика. Къинхьегаман болх д1аболало цуьнан 2008-чу шарахь шайн юьртарчу ишколахь ненан мотт хьоьхуш. Оццу шарахь Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Институте деша воьду Сайдик, факультет «Нохчийн мотт, литература» хоржу. 2013-чу шарахь чекхйоккху Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Институт ц1ечу дипломца. Карарчу хенахь Нохчийн Пачхьалкхан Университетехь аспирантурехь доьшуш ву Сайдик. Иштта дуккха къовсадаларшкахь дакъалоцуш а, меттигаш йохуш ву иза . 2018-чу шарахь шолг1а меттиг яьккхира «Ненан мотт- сан дозалла» ц1е йолчу къовсадаларшкахь, иштта, Къилбаседа- Кавказехь «Мархийн баттана» лерина уггаре тоьлла байт язъяран къовсадаларшкахь шолг1а меттиг яьккхира. 2019-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина къовсадаларшкахь кхоалг1а меттиг яьккхина цо . Карарчу шарахь Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзан-Хьаьжас «Сийлаллийн грамотица» совг1ат дина цунна .
Студент волуш дуьйна язйо байташ, дийцарш, х1етал-металш. Сайдикан говзарш зорбане йийлина «Нийсо», «Халкъан дош», «Теркан керланаш» газеташкахь а, «Орга», «Вайнах», «Стела1ад» ц1е йолчу журналашкахь а.

Close
Яндекс.Метрика