Домбаева Луиза

НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ:
Домбаева Луиза Вахаевна – Соьлжа-г1аларчу №2 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
1981 – чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университете филологин факультете деша д1ах1оьттина Луиза.
1986-чу шарахь лакхара учебни заведенихь долу дешар чекхдаьккхина, оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин корматалла а йолуш, цу шарахь Соьлжерчу юккъерчу №1 йолчу школе хьехархочун болх бан йолаелира иза. Цул т1аьхьа болх бина Соьлжа-г1аларчу юккъерчу юкъарадешаран №2 йолчу школехь. Нохчийн меттан, литературин хьехархочун а, нохчийн меттан методически цхьаьнакхетаран куьйгалхочун а болх бина 2010-чу шо кхаччалц.
2010-чу шеран декабрь баттахь дуьйна дешаран-кхиоран белхан, директоран г1овсан болх беш ю карарчу хенахь Домбаева Луиза.

Close
Яндекс.Метрика