Мингабаева Тапинат

НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ:
Мингабиев Тапин йо1 Мединат йина 1955-чу шарахь 12-чу июлехь, къинхьегамхочун доьзалехь, Казахстанехь, Актау олучу юьртахь.
1975-чу шарахь цо чеккхъяьккхина Соьлжа-г1алара хьехархойн училище. Оцу шарахь д1аболийна шен къинхьегаман некъ. 1989-чу шарахь чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институт.
1983-чу шарахь дуьйна 2016 –г1а шо кхаччалц хьехархо хилла лелла Соьлжа-г1аларчу №14 йолчу юккъерчу школин нохчийн мотт, литература хьоьхуш.
Оцу ишколехь болх бина ткъе кхойтта шарахь.
2016-чу шарахь дуьйна шен белхан некъ д1акхоьхьуш ю Соьжа-г1аларчу №15 йолчу юккъерчу школехь.
Мединат лакхара говзалла йолу хьехархо ю. Шен предмет к1орггера хаарца хьехаран методика дика караерзина. Нохчийн мотт, литературийн хьехарехь шена зеделлачух тоам бина ца 1аш, хаддаза керланиг лохуш, шен балхана юкъадалош ю. Х1инцалерачу керлачу стандартийн лехамаш кхочушбарех.
Российски Федерацин дешаран а, 1илманан министерстван, Соьлжа — г1алин администрацин, Ленински районан администрацин, Соьлжа- г1алин дешаран Департаментан грамоташ ю.
Нохчийн пачхьалкхан правительстван а, парламентан а совг1аташ ду.

Close