Магомедова Раиса

НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ:
Магомадова Раиса Рамазановна- Соьлжа — г1аларчу N48 йолчу юккъерчу юкьардешаран школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. Йина 1962-чу 10-чу декабрехь Сиржа -Эвлахь. 1980-чу шарахь чекхъяьккхина Сиржа-Эвлара юккъера школа. 1981-чу шарахь иза деша х1оьттина Нохч-Г1алг1айн университете, филологин факультете, вайнахски отделене. 1986-чу шарахь лакхара учебни заведенехь долу дешар чекхдаьккхина.
​1986-чу шарахь шен къинхьегаман некъ д1аболийра Хабаровскехь, берийн бешахь, воспитатель болх беш. 1994-2006-чуй шерашкахь нохчийн мотт а, литература а, оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш болх бина Элистанжахь. 2006-чу шарахь дуьйна Соьлжа-г1аларчу N48 йолчу школехь болх беш схьайог1уш ю нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш. Берашца лакхара хаарш алсамдохуш, д1ахьо цо массо а урок, цаьрца дика а, оьзда амалш кхиорехь болх а бо Раисас.

Close
Яндекс.Метрика