Гекаева Лида

НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ:

Гакаева Лида Лечаевна — Соьлжа-г1алин №39 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. Шен къинхьегаман некъ цо д1аболийна 1985-чу шарахь. Шен болх дукхабезаш, доггах дешархошна ненан мотт 1аморехь къахьоьгуш, цу т1ехь баккхий кхиамаш бохуш, схьайог1уш ю Лида. Дешархойн хаарш алсамдохуш д1ахьо цо массо а урок, классал арахьара болх а, иштта мероприятеш а . Берашна лаккхара хаарш даларал сов, берашна дика а, оьзда а амалш кхиоран болх бо цо. Республикин къовсамашкахь толамаш боху Лидин дешархоша. Сийлаллин грамоташца, Баркаллин кехаташца билгалбаьхна бу цуьнан а, берийн а белхаш. 2019-чу шарахь цо дакъалаьцна «Нохчийн меттан хьехархо» конкурсехь, цигахь «Дешаран декъехь тоьлла ламасташ» ц1е йолу номинацин толамхо а хилла. Республикански дешаран интернет-проектан «urok95.ru» тобанан декъашхо а ю иза.

Close