4 класс. Урок №19 «Билгалдош».

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай шуьца д1айолор ю  рог1ера нохчийн меттан урок.

-Шуна девзар ду х1уманийн билгалонаш гойтуш долу  дешнаш , 1емар ду царех пайдаэца .

-Х1уманан билгало гойту

Къамелан дакъа ду со.

Муха ю? Я хьенан? Стенан?

Хаттаршна  ас жоьпаш ло.   (Билгалдош)

-Нийса боху, билгалдош ду- иза.

Байт д1айоьшур ю вай билгалдешнийн тидам беш.

Слайд:

         Мерза 1аж

1аж бу хилла, ц1ен, мерза,

Горга, чкъор ду сов хаза.

 Ас и юккъех боькъур бу,

Доттаг1чунна а кхачор бу.

-Кху т1ехь буьйцург 1аж бу. 1аж –ц1ердош ду.

1аж муха бу, аьлла хаттар делча, вай жоп лур ду:

ц1ен, мерза,  горга- уьш билгалдешнаш ду.

— Шишша цхьаьна цIердешнаш а, билгалдешнаш а тIера схьаязде. ЦIердешнашна тIера билгалдешнашна хаттарш хIиттаде.

Слайд:

Кеп: шийла (муха?) Iа.

1.ТIекхечи шийла Iа. 2.Арахь, бамба санна, диллина кIайн ло ду. 3.Дитташ тIехь хIинца баьццара гIаш дац. 4.Таллархочун жIаьла чехка доду. 5.Сирла малх кхеттехь а, цо йовхо кIезиг ло. 6.Ахьмадан нана туьканахь болх беш ю.

-Чехка доду дешнийн цхьаьнакхетарехь чехка дашна муьлха хаттар хIотто мегар дара? Иза билгалдош хуьлий?

-Чехка доду

-Х1ун до? доду –иза хандош ду, ткъа доду (муха?) чехка – кхузахь, чехка билгалдош  дац, х1унда аьлча, предложенехь билгалдешан уьйр ц1ердашца хуьлу.

Нийса жоп.

Слайд:

Шийла (муха?) 1а,

к1айн (муха?) ло,

баьццара (муха?) г1аш,

таллархочун (хьенан?) ж1аьла,

сирла (муха?) малх,

Ахьмадан (хьенан?) нана.

Слайд:

Дагахь латтаде:  

ХIуманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? муханиг? муьлханиг? хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех билгалдешнаш олу. Предложенехь билгалдешнаш цIердешнашца уьйр йолуш хуьлу, цара дожарехь а, терахьехь а, классехь а барт  бо.

1амийнарг т1еч1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай:

-ХIокху дешнашна дуьхьала маьIна долу билгалдешнаш язде.

Слайд:

К1еда (мягкий) – ……

Беса (бесцветный) – ……

Ирсе  (счастливый) – ……

Даьсса (пустой) –………

Деза (тяжелый) – ……..

Деза (дорогой) – ……..

Нийса иштта хир ду:

Слайд:

 К1еда (мягкий) – ……буьрса (строгий)

Беса (бесцветный) – ……басахь ( в цвете, красочный)

Ирсе  (счастливый) – ……декъаза (несчастный)

Даьсса (пустой) –……… дуьзна (полный)

Деза (тяжелый) – ……..дайн (легкий)

Деза (дорогой) – …….дораха (дешевый)

-Д1аеша тексташ. Ала, х1ун башхалла ю цу шинна юккъехь.

Слайд:

1.ТIекхечи шийла Iа. Арахь, бамба санна, диллина кIайн ло ду. Дитташ тIехь хIинца баьццара гIаш дац. Сирла малх кхеттехь а, цо йовхо кIезиг ло. Бераш, йовха хIуманаш а юьйхина, ишколе доьлху. Царна юкъахь дуккха а дика дешархой бу.

2.ТIекхечи  Iа. Арахь, бамба санна, диллина  ло ду. Дитташ тIехь хIинца  гIаш дац. Малх кхеттехь а, цо йовхо кIезиг ло. Бераш,  хIуманаш а юьйхина, ишколе доьлху. Царна юкъахь дуккха а  дешархой бу.

-Тидам бича вайна го:

-Билгалдешнаш а доцуш д1аешча, текстин чулацам буьззина цахилар. -Билгалдешнаша гойту х1уманийн билгалонаш, цара таро хуьлуьйту дуьйцург исбаьхьаллин суьртехь схьагайта.

-Х1инца кху байт юккъара билгалдешнаш схьаяздан хьовсур ду вай.

Слайд:

Баьццарчутог1и чохь

Сирла дохк деша.

Мохо шен шелонца

Ховха буц ловзайо.

Ламанца дог1учу

Чехкачу хиша

Зевнечу г1овг1анца

1аламна хастам бо.

                 (З.Сулейманова)

Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд:

Баьццарчу, сирла, ховха, чехкачу, зевнечу.

-Уьш – билгалдешнаш ду. Цара ц1ердешнашца уьйр лелайо.

-Х1уманан а, хиламан а и билгалонаш кхечу кепара а гайта тарло:

Слайд:

Ахь г1ийла ойланаш

Суна т1е туьйсу

Шийлачу ойлано

Сан дагца кхуьйсу 

                  (М.Мамакаев)

-«Г1ийлачу» а, «шийлачу» а ойланаша даг чохь сингаттаме ойла кхуллу. Кхузахь гучуйовлу х1уманийн синхаамна а, кхетамна а уггар ч1ог1а 1аткъам беш йолу билгалонаш.

-Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. -1одика йойла шун, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика