Урокан цIе: «Къасторан ь, ъ хьаьркаш»
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.
Слайд:
ХIетал-метал хаьийла шуна:
ДIахаалаш и хьаьркаш
массарна а евзаш ю.
Цара коьрта гIуллакх до,
Мукъаза а мукъа аьзнаш
Вовшех уьш ца эдалийта,
Церан маьIна ца талхийта,
Говза гIуллакх лелош ю,
Церан меттиг билгал ю.
— Стенах лаьцна ю байт? (Къасторан хьаьркех).
— Тахана вай дуьйцур ду къасторан хьаьркех лаьцна. Iемар ду къасторан хьаьркаш дешнашкахь язъян а, церан меттиг дашехь йовза а.
Слайд:
Нагахь санна рогIера дешдакъа е-ца, я-ца, яь-ца, юь-ца дIадолалуш хилахь, хьалхарчу мукъазчу элпах уьш къастадо – ъ- ца,ткъа к элпах уьш къастадо ь (кIедачу хьаьркаца).
Слайд:
Мацъелла
Галъяьлла
Разъяьлла
Цецъюьйлу
— К— на тIехьа къасторан кIеда хьаьрк яздо.
Слайд:
Шекьяла
Шекьели
Шекьяьлла
Шекьюьйлу.
— Цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай. ХIокху дешнашкахь оьшуш долу элп яздеш.
Слайд:
Ирх…яхана
Маж…елла
Нис…елла
ЗIок…етта
Шок…етта,
Чекх…яьлла
Шек…яьлла
— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Слайд:
Ирхъяхана
Мажъелла
Нисъелла
ЗIокьетта
Шокьетта
Чекхъяьлла
Шекьяьлла
— ТIадамийн метта оьшуш долу хьаьрк дилла, цул тIаьхьа декъа уьш шина бIогIамалге.
Слайд:
Мац…елла, йиц…елла, шек…яьлла, тIех…яьлла, макх…елла, хIаллак…хилла, ал…бом, хаз…елла, кIад…елла, Залпа…, Бекхан, дар…елла, Iайна…, хаз…елла.
— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Слайд:
Мацъелла Альбом
Йицъелла Шекьяьлла
ТIехъяьлла ХIаллакьхилла
Макхъелла
Хазъелла
КIадъелла
Залпаъ
Даръелла
Iайнаъ
Хазъелла
— Тахана вай дийци къасторан хьаьркех лаьцна. Iемий къасторан хьаьркаш дешнашкахь язъян а, церан меттиг дашехь йовза а.
— Кху тIехь вай ерзор ю вешан рогIера урок.
— Iодика йойла! Марша Iойла!