— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
— Таханлерчу урокехь вай дуьйцур ду «Дешан хIоттамах а, орамах а» лаьцна.
— Муьлххачу а къоман санна, вайн нохчийн меттан а ю шен грамматика а, морфологи а. Тахана вай хlора а декхарийлахь ву, вешан мотт беза а, иза lамо а.
Вай тахана дешнаш толлур ду шайн хlоттамца. Девзар ду гергара дешнаш, lемар ду уьш йозанехь билгалдаха. Евзар ю гергарчу дешнийн билгалонаш, 1емар ду уьш кхечу дешнех къасто. Масала:
Слайд:
Лам – ламаро – ламанхо;
Деша – дешар – дешархо;
Хьеха – хьехар – хьехархо.
— Кхузахь, къастийна билгалдаьхна гергара дешнаш.
Дешхьалхе, орам, суффикс, чаккхе — уьш дешан дакъош ду.
Слайд:
Дешхьалхе орамна хьалха лаьтташ долу дешан дакъа ду. Цуьнан гlоьнца керла маьlна долу дош кхоллало. Масала:
Дешхьалхе: схьаала, дlавада, тlевада, чувала, аравала; ¬
Гергарчу дешнийн юкъарчу декъах орам олу. Масала:
лам, ламаро, ламанхо — церан орам лам бу.
Орамна тlехьа а лаьтташ, дашна керла маьlна лучу декъах суффикс олу.
Масала:
Таллар, таллам, таллархо, хьуьнхо, махкахо, турпалхо, пондарча, туьйранча.
□ ˄
Дешан хийцалуш долчу декъах чаккхе олу.
Масала:
Чаккхе: талларан, талламан, таллархочун, дийцаран, махкахочун, иллин.
Слайд:
Аьхкенан зама.
Аьхкенан зама хаза ю. Стоьмех юьзна бошмаш а, бошмашкахь декаш бес-бесара олхазарш а хуьлу. Массо а меттехь бохург санна, бай бу. Цlен а, можа а, баьццарчу а дарин басахь а зезагаш лепа.
Цхьацца долчу дийнахь хи тlе чlерий леца оьху дешархой, юьртана уллорчу хьуьнах боьлху. Хьуьнхахь эшаршца декаш, шакарш етташ олхазарш ду. Екачу цаьпцалгийн цкъар а хеза. Аьхкенан довхачу дийнахь ара дlахьаьжча, йовхонан тов а хуьлу гуш. Ишттачу дийнахь хи тlе лийча доьлху бераш. Малхе гlеххьа шайн догlмаш а дагадойтуш, керлачу хlонехь шайн могашалла чlагlйо цара.
Аьхка шайн могашалла чlагlйой, керла ницкъ гулбой, гурахь ишколе деша догlу бераш.
— Муха хуьлу аьхка? (Хаза ).
-Хlунда? (Стоьмех юьзна бошмаш а, бошмашкахь декаш бес-бесара олхазарш а хуьлу Цхьацца долчу дийнахь хи тlе чlерий леца оьху дешархой, юьртана уллорчу хьуьнах боьлху..).
—Аша дийр дарий ишттаниг?
-Хьожур ву со, шу муха дешархой ду. Карабе оцу дийцарехь гергара нах?
Слайд:
Хьун, хьуьнах, хьуьнхахь, деша, дешархой.
—Уьш хlун дешнаш ду? (Гергара).
-Гергарчу дешнийн хуьлу юкъара а, цхьатерра а дакъа. Муьлхарниг ду оцу дешнийн юкъара дакъа?
Хьун, дешар.
-Хlун олу гергарчу дешнийн юкъарчу декъах? (Орам).
-Билгалбаккха орам. ( хьун, деш).
-Орам-дашехь коьрта дакъа ду. Орамна тlе тайп-тайпана дешдакъош тохарца кхоллало керла дешнаш. Орамо шена чохь леладо дешан коьрта маьlна.
Масала:
пондар — пондарча
зурма – зурманча
хьун — хьуьнхо
(-ча, -нча, -хо).
-Уьш хlун ю? (Суффиксаш).
-Хlун гlуллакх леладо суффиксо? (Керла дешнаш кхуллу).
Слайд:
Пондарча
ХIилланча
Махкахо
-Цхьана дешан орам карор буй? (Бац).
-Хlунда аьлча, орам –иза гергарчу дешнийн юкъара дакъа ду. Орам каро гергара дешнаш каро деза).
-Караде оцу хlора дашна гергара дешнаш
Пондарча — пондар
Хlилланча — хlилла
Махкахо — мохк
-Хlетал-метал хаийла шуна:
Гергарчу дешнийн юкъара дакъа
Хуьлий со лела, хаалаш даим,
Ойла ей, жоп ло, бе ахь сан лерам
Хуур ду хьуна буьйцург буй…(Орам).
-Хlокху урокехь амий дешан хlоттамах а, орамах а лаьцна.
Девзи гергара дешнаш, lеми уьш йозанехь билгалдаха а. Иштта евзи гергарчу дешнийн билгалонаш, 1еми уьш кхечу дешнех къасто а.
Вайн мотт безарехь, грамматика йовзарехь Дала аьтту бойла, lилманехь баккхий кхиамаш бохийла.
lодика йойла! Марша lойла!
Пайдаэцна литература: СолтахановЭ.Х,СолтахановИ.Э.,ЭдиловС.Э.«Нохчийн мотт-4 класс»Соьлжа-Г1ала АО«ИПК» «Грозненский рабочий»-2016ш. «Стела1ад» журнал.
Автор:Хасаров Рамзан Шараниевич МБОУ «СОШ №54 имени Хасана Кааева» г.Грозный.
Тест:
Дешан орам — иза
дешан дакъа ду
+ лексически маь1ница гергара долчу дешнийн юкъара дакъа
дашна юккъехь лаьтташ долу дакъа ду
хийцалуш доцу дакъа ду