Маршалла  ду  шуьга,  хьоме   дешархой.
Тахана  вай   шуьца   цхьаьна  юха  а   д1ахьур  ю   коьртаца  ойла  ян  еза, дагалацам  хила  беза, дуьйцург дагахь  латто  деза, вешан   рог1ера,  нохчийн   меттан  беркате   урок.
Д1аяханчу урокехь предложенехь долчу дешнийн уьйрах  лаьцна дийцира вай. Билгалдаьккхира, предложенехь   долчу   дешнийн   уьйр уггаре  хьалха шина декъе  екъалуш хилар: цхьаьнакхетаран уьйр (сочинительная связь), карара  уьйр (подчинительная связь).Иштта  къастийра церан башхаллаш.
Тахана, вай  шуьца  1амор  ду  карарчу  уьйран цхьа  дакъа
Карара уьйр, д1аяханчу  урокехь вай  билгал  ма-даккхара,  коьрта а,  дозуш а  долчу дешнех   лаьтташ   ю.
Масала: оьзда йо1, дайн г1иллакх, дика 1амадо.
Оцу  дешнийн   цхьаьнакхетаршкахь йо1, г1иллакх, 1амадо  коьрта   дешнаш   ду.
Царна   т1ера   д1ало  хаттарш:
йо1 — муха? — дика,
г1иллакх —хьенан? — дайн, 
1амадо-муха?-дика.
Карара    уьйр   кхаа  кепара  ю: 1) бартбар, 2) урхалла , 3) т1етовжар.
Бартбар оьрсийн маттахь согласование  бохург ду.
Коьрта  дош доллучу формане (дожаре, терахье, классе )дозуш долу дош а х1отточу  уьйрах  олу бартбар.
Масала:
Жима дешархо 1уьйранна школе деша вахара.
Цу  предложенехь 
дешархо  бохучу  коьртачу   дашца  (ц1ердашца)
жима  бохуш   долчу   дозуш   долчу   дашо  (билгалдашо)  цхьаллин  терахьехь  а, ц1ерниг   дожарехь   барт  бина,
дешархо  бохучу   коьртачу    дашца  цхьаллин   терахьехь а, грамматически  хьалхарчу классехь  а  барт бина  
вахара   бохучу  (хандашо).
Бартбарехь  коьрта а, дозуш долу а дош, вовшашца бартбеш хиларе терра, хийцалуш  а   цхьана  формане   доьрзу, вуьшта  аьлча , коьрта  дош хийцаделча,  дозуш долу  дош а хийцало —  ший а дош а цхьана дожаре, я цхьана  терахье, я цхьана классе  х1утту.
Х1инца вай шун  хаарш т1еч1аг1даран  болх  бийр бу.
Сийна  б1аьргаш  болчу   жимачу  йо1а  дехар  дира  Наташега.
Х1инца , лакхахь ялийнчу кепах пайда а оьцуш, бартбарца  цхьаьнакхетта  дешнийн  цхьаьнакхетарш  билгалдохур  ду   вай.
Б1аьргаш бохучу коьртачу дашца (ц1ердашца) ц1ерниг  дожарехь бартбина сийна бохучу дозуш долчу дашо (билгалдашо),
йо1а бохучу кортачу дашца (ц1ердашца)  жимачу  бохучу дозуш долчу дашо (билгалдашо) дийриг дожарехь а, цхьаллин  терахьехь а барт бина, дехар бохучу коьртачу дашо (ц1ердашо) дира  бохучу дозуш  долчу дашца (хандашца) грамматически классехь барт бина.
Дагахь латто деза:
Бартбарехь билгалдашал а, терахьдашал а, хандашал а, причастил  а  коьрта ц1ердош  ду.
Вай  1амийнарг  т1еч1аг1деш , цхьа т1едиллар лур ду шуна.
Лахахь ялийнчу  предложенера  билгалдаха деза бартбаран уьйраца  цхьаьнакхетта дешнийн цхьаьнакхетарш:
Расха говр чехка йоду.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза:
 1)расха  говр,
  2)говр  йоду.
Говр  бохучу  коьртачу  дашо (ц1ердашо) расха  бохучу  билгалдашца  ц1ерниг  дожарехь  барт  бо,
йоду   бохучу   хандашо  говр  бохучу  ц1ердашца   барт  бо  терахьехь а,  классехь а.
Х1ара  урок  ерзош,вайн къоман поэта  Сулаев  Мохьмада нохчийн  маттана  лерина язйинчу байтан мог1наш дало лаьа суна:
«Вайн мотт бу Iаламал чIогIа,
Хьекъале цо йоьгIна лард,
Доккху цо къайленийн догIа,
Къаьмнашлахь цо кхуллу барт»
(Сулаев Мохьмад, поэт)
Кху т1ехь, хьоме  дешархой, вайн урок чекхйолу.
1одика  йойла, марша  1ойла  шу.
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З. Д. Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я.У  «Нохчийн мотт» 8-9кл Соьлжа-г1ала  ГУП  «Книжни  издательство»  2007
2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн  мотт » II дакъа   Синтаксис Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство  1985
3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо
4.Эдилов С. Э. «Самукъане  грамматика» 5-11кл  Соьлжа-г1ала  2012  шо.
5. Эдилов С. Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа- Пресс» 2011 шо.                                                      
Кечйинарг: Соьлжа-г1алин  № 7 йолчу гимназин  нохчийн меттан,  литературин  хьехархо  Момуева  Хеди  Даутовна.

Close
Яндекс.Метрика