урок №5 Предложенехь дешнийн уьйр: цхьанакхетаран а карара а

Де дика хуьлда шун,хьоме дешархой!
Тахана  вай цхьаьна д1ахьур ю
Коьртаца ойла ян еза,
Дагалацам хила беза,
Дуьйцург дагахь латто деза,
Рог1ера, нохчийн меттан  беркате урок.
Урокан  ц1е «Предложенехь дешнийн уьйр» ю.
Тахана вай шуьца билгалдоккхур ду  стенах  олу  дешнийн  цхьаьнакхетар а, дешнийн  уьйр  маса  кепара  хуьлу  а, церан  башхаллаш  а.
Вайн  къамел дешнех , предложенех лаьтташ ду. Ткъа  предложенехь дешнаш, шишша   дош  цхьаьна а кхеташ, вовшашца  уьйр йолуш хуьлу. —-Иштта  вовшашца  уьйр  йолуш,цхьаьнакхеттачу  дешнех  дешнийн цхьаьнакхетар олу, оьрсийн маттахь словосочетание бохург ду и.
Дешнийн цхьаьнакхетарехь и уьйр  атта  къастало  хаттаршца.
Масална далор вай х1ара кица:
«Вочу  х1уманах  мотт  ларбе, къоланах  куьг ларде».
Х1инца  вовшашца  уьйр йолу  дешнаш билгалдохур ду  вай. Х1окху кицанехь 5 дешнийн цхьаьнакхетар ду.
1) мотт ларбе
2) х1уманах ларбе
3) вочу х1уманах
4) куьг ларде
5)къоланах ларде
Предложенехь    шайн цхьаьнакхетарехь дешнаш  коьрта а, дозуш а хуьлу. Шегара хаттар  х1отточу  дашах  коьрта  дош  олу, ткъа   оцу  хаттарна  жоп лучух  –  дозуш  долу дош.
Лакхахь вай  билгалдаьхначу дешнийн цхьаьнакхетаршна   юкъара къастор ду  вай   коьрта а , дозуш  долу а дешнаш.
Мотт ларбе, х1уманах ларбе  бохучу дешнийн  цхьаьнакхетаршкахь
ларбе — коьрта  дош  ду, х1унда аьлча  цунна т1ера  д1ало  вай   хаттар: ларбе — х1ун ?-мотт;
ларбе-стенах? х1уманах.
мотт , х1уманах   дозуш  долу  дешнаш  ду, цара  коьртачу  дашо х1оттийначу  хаттарна  жоп  ло.
вочу х1уманах—  кхузахь  юьйцург  х1ума  хиларе  терра
х1уманах  -коьрта дош  ду,  цунна  т1ера  д1ало  хаттар   мухачу?- вочу.
Иза  дозуш  долу  дош  ду, цо  коьртачу  дешан  билгало  гойту  вайна.
куьг ларде,  къоланах ларде  бохучу   дешнийн  цхьаьнакхетаршкахь ларде — коьрта  дош  ду,
ткъа куьг, къоланах —  дозуш  долу  дешнаш.
Цара коьртачу  дашах  кхетадо  вай:
ларде-х1ун?-куьг,
ларде – стенах? – къоланах
Кицанан  маь1на  даста  хуур  дарий  шуна?                                                                     -Х1ун   ду  те  «Вочу  х1уманах  мотт  ларбе, къоланах  куьг  ларде » бохург?
И  дера  ду ,  хьайн  г1уллакх  доцург   ма   дийца,  хьайн   йоцчу   х1уманна  т1е   а   ма кхийда   бохург.
Къола  оьрсийн маттахь аьлча  воровство  бохург ду.
Бусалба  динехь а, вайн  къоман 1адатехь  товш а,  я  магийна  а  дац  эладитанаш   дийцар, х1ума  лачкъор,  Дала  лардойла  вай  массо  а  вочу х1уманах!
Дешнийн  цхьаьнакхетар  муха  хуьлу  дийци  вай.
Х1инца  оцу  дешнийн  цхьаьнакхетарехь  йолу  уьйр  маса   кепара  хуьлу хьовсур  ду  вай
Предложенехь дешнийн уьйр уггар хьалха шина декъе екъало:
1) цхьаьнакхетаран  уьйр  (сочинительная связь)
2) карара  уьйр (подчинительная связь)
Х1ун  башхо  ю  царна  юкъахь  хьовсур ду  вай.
Цхьабоссачу    мехаллица,  цхьаъ  вукхунах  дозуш  доцуш, цхьа бакъо  йолуш  дешнаш  цхьаьнакхеттачу  уьйрах  цхьаьнакхетаран  уьйр  олу.
И уьйр  цхьанатайпанарчу  меженашкахь  хуьлу.
Коьртачу а, дозуш  долчу  а  дешнийн  уьйрах  карара  уьйр  олу.
Х1инца  вай  шун  хаарш  т1еч1аг1даран  болх  бийр  бу.
Ахьмада  йоза  чехка  а, хаза  а  яздо.  
1)  Ахьмада  яздо              
2) йоза  яздо                                    карара  уьйр ю.
3) чехка  яздо
4)  хаза  яздо
5) чехка  а, хаза а –  цхьаьнакхетаран  уьйр  ю. 
Цхьана  мехаллица,  цхьаъ  вукхунах   дозуш   доцуш, цхьаьнакхеттачу  дешнех    лаьтта   цхьанатайпанара  меженаш  ю.
Х1инца урокехь  1амийнарг   карладоккхур ду вай:
Дешнийн  цхьаьнакхетар олу  вовшашца  уьйр йолуш  цхьаьнакхеттачу
дешнех.
Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйр шина кепара хуьлу:
цхьаьнакхетаран а, карара а.
Цхьабоссачу  мехаллица , цхьа  бакъо  йолуш  цхьаьнакхеттачу дешнийн уьйрах  цхьаьнакхетаран уьйр олу.
Дешнийн цхьаьнакхетарехь карара  уьйр коьрта а, дозуш а  долчу дешнех лаьтта.
Таханлера вайн урок массарна а везаш,вевзаш волчу вайн къоман поэтан-илланчин Сулейманов Ахьмадан «Дахаран генаш» поэмин мог1анашца ерзо лаьа  суна:
…Сан бераш,шу мичхьа хиларх,
Даздо,хаздо  собаро.
Сийлалле а кхачор ду  шу
Хьанал болх аш сов баро!
Дала   аьтто  бойла  шун, ненан  мотт  1амо, цуьнан сий дан кхетам, иман, собар  лойла  шуна.
Олуш  ду, шен  бийца  мотт а, мохк  а  боцург  къам дац.
Цундела   хаддаза   къахьега  деза  вай  вешан  мотт  кхиорехь.
Кху т1ехь  вай урок ерзор ю.
1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З. Д. Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я.У  «Нохчийн мотт» 8-9кл Соьлжа-г1ала  ГУП  «Книжни  издательство»  2007
2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн  мотт » II дакъа   Синтаксис Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство  1985
3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо
4.Эдилов С. Э. «Самукъане  грамматика» 5-11кл  Соьлжа-г1ала  2012  шо.
5. Эдилов С. Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа- Пресс» 2011 шо.
 
Кечйинарг:  МБОУ «Гимназия № 7» нохчийн меттан,  литературин  хьехархо Момуева  Хеди  Даутовна.

Close
Яндекс.Метрика