Вайн урокан 1алашо ю хандешан саттамаш шуна бовзийтар. Цу 1алашоне кхача вай хандашах лаьцна 1амийнарг карладоккхур ду.
Уггар хьалха дагадоуьйтур ду вай хандош стенах олу.
Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу. Цо гойтуш долу дар я хилар хенаца бен хуьлийла дац.
Хандашо жоп ло: х1ун дан? х1ун хила? х1ун до? х1ун хуьлу? бохучу а, хенашца хийцадаларца царех схьадевллачу а хаттаршна.
Х1ун дан? ловза, вада, деша. Х1ун до? ловзу, воду, доьшу.
Х1ун хила? шелъяла, йохъяла, сахила. Х1ун хуьлу? шелло, йохло, сахуьлу.
Х1инца вай д1айоьшур ю Мамакаев 1аьрбис язйина «Терк» ц1е йолу байташ.
Бохь лекхчу цу лаьмнех хьо охьадолу,
Лаха мел дели, хьан дилха совдолу
Лам т1ера т1улгашца хьо, хьерчаш, дуссу,
Цу т1улгех детталуш, хьо барзах уг1у.
Ламанан басешкахь хьо чехка дог1у,
Аренга мел дели, хьан болар г1елло.
Аренна харш тосуш, хьо кхерсташ дог1у,
Цу курчу боларахь хьо сетташ лела.
Цу байта юкъара хандешнаш билгалдохур ду вай.
Кхин д1а вай дагадоуьйтур ду стенах олу хандешан билгалза кеп.
Хандешан юьхьанцарчу кепах билгалза кеп олу. Цо цхьа а хан билгал а ца еш, дуьххьал-д1а г1уллакхан дар гойту.
Билгалзачу кепан хандешнаша х1ун дан? х1ун хила? бохучу хаттаршна жоп ло. Вай билгалдаьхна хандешнаш билгалзачу кепе х1иттор ду вай:
охьадолу-охьадала,
совдолу-совдала,
дуссу-досса,
уг1у-уг1а,
дог1у-дан,
г1елло-г1елдала,
лела-лела,
дили-дила.
Кхузахь вай иштта карладаьккхи цхьана дешдекъах лаьтттачу хандешан билгалзачу кепан чаккхенга меран аз–н яздар: дог1у-дан. Цу хандашнашна хьалха дешхьалхе я кхин орам х1оттахь а цуьнан чаккхенга –н яздо: дан-охьадан.
Х1инца вай хандешан хенаш карлайохур ю.
Хандешан коьрта кхо хан ю:
карара хан,
яхана хан,
йог1у хан.(кластер)
Карарчу хенан хандешнаша г1уллакх къамел дечу хенахь кхочушхилар гойту, цара жоп ло х1ун до? х1ун хуьлу? бохучу хаттаршна.
Масала: доьшу, йохло.
Яханчу хенан хандешнаша дар я хилар къамел дечу хенал хьалха хилла хилар гойту.
Яханчу хенан хандешнаш пхеа кепара хуьлу:
1. Х1инцца яхана хан: х1ун дин? дийши, х1ун хили? йохъели.
2. Гуш яхана хан: х1ун дира? дийшира, х1ун хилира? йохъелира.
3. Яхана яьлла хан: х1ун дина? дешна, х1ун хилла? йохъелла.
4. Хьалха яхана хан: х1ун динера?дешнера, х1ун хиллера? йохъеллера.
5. Яхана ялаза хан: х1ун дора?доьшура, х1ун хуьлура? йохлора.
Хандешан йог1учу хено г1уллакх къамел динчул т1аьхьа кхочушхилар гойту.
Масала: х1ун дийр ду? доьшур ду, х1ун хир ду? йохлур ю.
Вайн байта юкъара кхо хандош (охьадолу, совдолу, дуссу) массо а хенашца хуьйцур ду вай.
Нийса жоп иштта хир ду.
Охьадолу, охьадели, охьаделира, охьадаьлла, охьадаьллера, охьадолура, охьадер ду.
Совдолу, совдели, совделира, совдаьлла, совдаьллера, совдолура, совдер ду.
Дуссу, доьсси, доьссира, доьссина, доьссинера, дуссура, дуссур ду.
Тахана вайна бевзар бу хандешан саттамаш.
Кхочушдеш долу г1уллакх гайтаре хьаьжжина, хандешан коьрта биъ саттам бу:
билгала, бехкаман, лааран, т1едожоран (кластер).
Г1уллакх билггала кхочуш хилар гойтучух хандешан билгала саттам олу. Билгала саттам массо а хенашца лела.
Билгала саттаман кхо кеп ю.
Дацаран: ца яздо, ца вахара, ца гайти.
Ч1аг1даран: ма язди, ма вахара, ма гайти.
Хаттаран: Яздирий? Вахарий? Гайтирий?
Дар я хилар мича хьелашкахь кхочушхуьлу гойтучу хандешан саттамах бехкаман саттам олу.
Иза кхоллало хандашна т1е –хь (-ахь,-ехь) -хьара суффиксаш кхетарца. Масала: Хьо тхоьга ваг1ахь, вайша сакъера г1ур ву.
Дар я хилар кхочушхила лаар гойтучу хандешан саттамах лааран саттам олу.
Лааран саттам кхоллало хандешан билгалзачу кепана т1е –хьара, карарчу хенан хандашна т1е –йла(-ийла), -да(-лда) суффиксаш кхетарца.
Масала:яздахьара, марша г1ойла, диканца вехийла, Дела реза хуьлда.
Т1едилларан, омра даран, т1едожоран, пурба даларан я дехаран маь1на гойтучу хандешан саттамах т1едожоран саттам олу.
Масала: деша, дешал, дешахьа, дешахьара.
Х1инца хандешнаш (охьадолу, совдолу, дуссу) массо а саттамехь д1аяздан хьовсур ду вай.
Нийса жоп иштта хир ду.
Охьадолу, охьадалахь, охьадолийла, охьадалал.
Совдолу, совдалахь, совдолийла, совдалал.
Дуссу, доссахь, дуссийла, доссал.
Вай ешначу байташкахь хенашца а, саттамашкашкахь а хийцаза дисина хандешнаш х1орш ду:
Уг1у, дог1у, г1елло, лела.
Аш ц1ахь уьш массо хенашца а, саттамашкахь а хуьйцур ду, цу балхо г1о дийр ду хандешан саттамаш кхин а кхачо йоллуш 1амо.
Падаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт-7 класс» Грозный ФГУП «Книжное издательство» 2013 шо.
2. В.А.Янгульбаев, С.В. Янгульбаева «7 классехь нохчийн мотт хьехар» (Хьехархочунна г1оьнна) Грозный ГУ «Книжное издательство» 2003 шо.
3. Р. Кадиев, Д.Ахмадова, А. Давлетгириев «Нохчийн меттан хьехархочунна г1оьнна д1аекъаран коьчал» 2015 шо.
4. Я.У. Эсхаджиев «Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 5-11 классашна 1амор». Грозный. Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
5. С.Э. Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала. 2012 шо.
6. А. Исмаилов «Дош» Соьлжа-Г1ала. 2005 шо.
Х1оттийнарг: Грозненски к1оштан Беркат-Юьртарчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан хьехархо Вакаева Тумиша Салмановна.