Урок №5 Билгалдош. Цуьнан маьIна а, морфологически билгалонаш а

Урокан тема ю «Билгалдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш а».
Д1аяздийр ду вай иштта дешнийн цхьаьнакхетарш:
Сийна (муха?) коч, бес-бесара (муха?) къоламаш, аннийн (стенан?) керт, вешин (хьенан?) сахьт, юккъера (муьлха?)йо1.
Коьртачу дашна т1ера, дозуш долчу дашна хаттар х1оттадо. Дозуш долчу дешнаша х1ун гойту вайна?
Цара шайца долчу ц1ердешнийн билгалонаш гойту.
Х1уманан билгало гойтуш, муха? муьлха? хьенан? стенан? мацалера? мичара? бохучу хаттарашна жоп луш долчу къамелан декъах билгалдош олу. Билгалдешан ц1ердашца уьйр хуьлу.
Масала:
Дика дешархо, хаза 1алам, оьзда к1ант, говза пхьар.
Х1окху масалшкахь вайна го билгалдешан ц1ердашца йолу уьйр.
Билгалдешнаш терахьашца а, дожаршца а хийцало.                                   
Масала:
жима юрт — кегий ярташ, доккха зезаг — даккхий зезагаш.
оьзда стаг, оьздачу стеган, оьздачу стагана, оьздачу стага.
Билгалдешнаша гайта тарло: х1уманан бос, чам, барам, х1ума хьенан я стенан ю, стенах йина ю.
Масала:
к1айн, 1аьржа, ц1ен, сийна;
муьста, дуьра, к1уо;
лекха, лоха, еха, йоца;
Даймехкан, ненан, дешархочун;
дечиган, аьчкан, кехатан, дешин;
Т1едиллар №1.
Ткъа х1инца, х1оккху предложенешкахь билгалдешнаш къастаде.
Кху доккхачу татол т1ехь тахана къаьсттина синкъераме дара.
Г1ийла хьоькхучу мохо арарчу зезагийн, бецийн, дагна там беш йолу, ц1ена хьожа яхьара. Ц1еначу стигалхула йоьдуш таь1на-боьмашчу басахь йоккха дарта яра.
Т1едиллар №2
 Х1окху ц1ердешнашца маь1ница дог1у билгалдешнаш далош, дешнийн цхьаьнакхетарш д1аяздан деза аш.
Дитт, коч, стигал, керт, хьаша, юрт, доттаг1, йиша, машен, шовда, буьйса, ц1енош, майда.
Г1оьнна дешнаш:
Сийна, дечиган, хаза, школан, лекха, г1алара, керла, тешаме, сирла, хьоме, ламанан, даккхий, йоккха.
Оцу дешнийн цхьаьнакхетарша  гойту ц1ердашна а, билгалдешна а юкъахь йолу уьйр, билгалдешнаша х1уманан тайп-тайпана башхаллаш, билгалонаш гойтуш хилар а. Вай къамелехь йоккха меттиг д1алоцу цара, амма уьш хаа, царах болу кхетам шорбан а, цхьажимма къахьега деза вай. Т1ейог1учу урокашкахь шуна шортта керланиг девзар ду билгалдешнех лаьцна, уьш 1амош вай шуна г1о а дийр ду.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю, шун 1одика йойла, марша 1ойла! 
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000. 

Close
Яндекс.Метрика